ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров вевза говзанча" хIоттийна Цхьаьнатоьхначу Штатийн Юкъарчу талламан урхалле (ЦРУ)


Бёрнс Уильям
Бёрнс Уильям

Американ Цхьаьанатоьхначу Штатийн Конгрессан Сенато Бёрнс Уильям чIагIвина ЦРУ-н – Юкъарчу талламан урхаллин директоран даржехь. Массара къобалйина цуьнан кандидатура. Кестта дарж караоьцуш дуй буур бу Бёрнса.

Зазадоккху-беттан юьххьехь Техасерчу сенатора-республиканхочо юкъахдаккхийтира Бёрнс даржехь чIагIвар, цо Джо Байденан администраци декхарейора Оьрсийчоьнан "Северный поток-2" ("Къилбаседа аса-2") газан биргIа Германе кхачорна духьал шогга санкцехь яха. Пачхьалкхан департаменто проектехь дакъалоцучу компанешна санкцеш духьалйохург хиларх лаьцна дIахьединчул тIаьхьа Круз резахилла ЦРУ-н директор чIагIвечу процессехь дакъалаца.

Бёрнс Уильям Барак Абамин администрацехь Пачхьалкхан секретаран гIовс а, Москвахь векал а Iийна ву. Дипломатан болх бина цо 30 шарахь. Вевза Бёрнс Оьрсийчоьнах лаьцна аналитикан йозанаш дитина хиларца а. Алссам вовза вуьйлира иза WikiLeaks-о 2006-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна цо критика еш хIоттийна "нохчийн досье" яржийча.

2015-чу шарахь, ша президентан администрацерчу даржера дIаваьлча иза хIоьттира Дуьненан машарехьа йолчу Карнегин Фондан коьрте.

Цул сов, Бёрнс ларало Оьрсийчоь а, Гергара Малхбале а дика евза говзанча, оьрсийн мотт а хаьа цунна. Дукха хан йоццуш Оьрсийчохь арахецна цуьнан "БIаьрга гуш боцу ницкъ. Муха болх бо Американ дипломатино" цIе йолу книга. Масех дакъа ду цуьнан Оьрсийчоьнах а, Оьрсийчоьнан-Американ юкъаметтигех а лаьцна.

XS
SM
MD
LG