ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн онлайн-тIом. Шайн дIахьедарш оьрсийн матте стенна ца доху Нохчийчоьнан Iедалхоша?


Нохчийчоьнан муфтий Салахь Межиев а, мехкан куьйгалхо Рамзан Кадыров а
Нохчийчоьнан муфтий Салахь Межиев а, мехкан куьйгалхо Рамзан Кадыров а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьа скандале дIахьедарш дечу заманчохь, - масала, бакъоларъярхошна кхерамаш туьйсуш, Iедалхоша журналисташна бехкаш дохку, шаьш бохург нохчийн маттера оьрсийн матте нийса ца дерзорна. Делахь а, регионан официалан ресурсаша массо а Оьрсийчоьнан аудиторина кхеташ хилийта хаамаш гоч ца бо оьрсийн матте.
Бакъ ду, шен-шен рожехь йоллу репортажаш Iарбойн а, ингалсан а меттанашка-м йоху. Стенна къекхка Нохчийчоьнан урхаллехь берш шайн дешнаш оьрсийн матте гочдан?

Кху шеран юьххьехь мехкан муфтийс Межиев Салахьа дIахьедира, Кадыров Рамзанан лаамца, онлайнан майданахь къийсам латторах.
Нагахь санна, меттигерчу Iедалхоша машане "бакъйолу информаци" ца кхачаяхь, и майда дIалоцур ю "боьхачу хIуманаша", бохура цо.

"Интернетан майданахь вай дуьхьало ца латтаяхь, вай эшна дуьсур ду. Тахана тIеман аре ю - интернет. Нагахь санна, вай иза яьсса юьтий, иза дIаюзур ю боьхачу хIуманаша", - боху Межиевс ЧГТРК "Грозный" телеканалца хиллачу шен къамелехь.

Мел йолу сервисаш а, массо а "хералла" а оцу "онлайн-тIамехь" Нохчийчуьрчу муфтиято хIинцале а дIаюьзна, билгалдоккху муфтийс. Facebook, Instagram, Twitter а, иштта кхинйолу социалан машанаш а. Iарбойн а, нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь дIахьош ю уьш, чIагIдо цо.

Хьехамаш бо берийн бошмашкахь а цхьана. Цундела кIелхьарбовла гIерташ цхьаммо а олийла дац "суна ца хаьара" боху Межиевс: "Паччахьан (ишта цIе йоккху Соьлжа-ГIалахь мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан.-редакцин билгалдаккхар) дуккха а идейш ю, доллучунна а тIехь цо латтош терго ю цо. Цундела юха а боху ас - бехказлонаш яц".

Интернет-гIирсийн цӀершъяхар

Ма-дарра дийцича, йоллу "хераллаш" яц цигахь дIаюьзна. Цхьана Iалашонца делахь а, я ларамаза нисделлехь а, мухха а Кадыровн идейш тIехь кхоьллина медиапропаганда къехкаш ю оьрсийн мотт буьйцучу аудиторех.
Видеороликаш яржош кеп-кепара, тIехула оьрсийн меттан йозанашца кечйина сайташ елахь а, Межиевн хьехамаш а, Кадыровн а, цуьнан гонахарчу хьаькамийн а дIахьедарш нохчийн маттахь хуьлу. Ур-атталла, оьрсийн субтитраш а йоцуш.

Нохчийчохь къаьсттина гоьевлла официалан ресурсаш йовзуьйту Кавказ.Реалиис. Церан гIирсийн Iалашо ю - динах долу хаарш даржор.

1. Нохчийчуьра Динан урхалла (сайт, инстаграм-аккаунт, ютуб-канал). Цхьаболчу Iеламчаша дIахьедийриг бен дац роликашна бухахь гочдарш хуьлуш. Масала, еа минотехь дечу къамелах ши-кхо алар. "Хаттар-жоп" аьллачу декъан фетвашкахь долу жоьпаш а нохчийн маттахь хуьлуш ду.

2. Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телехьожийла (ютуб-канал). Шайн репортажаш журналисташа оьрсийн маттахь дIахьош нислахь а, цара къамеле бохучу турпалхоша нохчийн маттахь дуьйцург оьрсийн матте гочдеш дац. ХIора баттахь ингалсан маттахь керланаш арахоьцу цара, Iарбойн маттахь субтитраш тIе а йохкуш.

3. "Путь" телерадиокомпани. Сайт, "ВКонтактера" а, фейсбукера а, твиттерера а агIонаш - шаьш дуьйцучун чулацам оьрсийн маттахь боцца бовзуьйту цара, ткъа къамелаш нохчийн маттахь хуьлу.
Телеканалан директоран Шахидов Адаман цхьацца болу хьехамаш нисло оьрсийн матте гочбина. Ткъа ресурсан Iарбойн маттерчу версехь - фейсбукехь а, твиттерехь а - хIора зорбане йоккху материал ерриг а аьлча санна Iарбойн матте яьккхина хуьлу.

4. "Муфтийн Межиев Салахьан лекцеш" аьлла "ВКонтактера" агIо. Кхузахь материалаш нохчийн маттахь ю, гочдарш а доцуш.
Оцу ресурсашкахь яржон контент йовза таро ю нохчийн, Iарбойн, ингалсан а меттанаш хуучеран.

Бакъ ду, масала, "Путь" телерадиокомпанина йоллу Оьрсийчоьнан бахархошна лерина къамел дан лицензи елира 2018-чу шарахь.

Нохчийн хаамийн гIирсашкара комментари эца аьтто ца белира.
Информацин а, зорбанан а департаментан директоро Мусаев Хьамзата телефон охьатесира, Кавказ.Реалии ю къамел дийриг аьлча.

Кху темех лаьцна комментари ехча, доцца дара "Грозный" телехьожийлан директоран Ахмадов Чингизан къамел: "Лаа вуй со шуна цхьаъ дийца декхаре?", - аьлла, дуьхьал хаттарца вистхилира иза.

Мила ву телеканалан редакцин политикех жоп луш аьлла, хаьттича, ца хIоьттира Ахмадов жоп дала.

"Путь" телерадиокомпанин белхахошна хан ца карийра тхоьца къамел дан.

Сийзазден гочдарш

Iедалхошца боьзна боцучу наха гочдо нохчийн куьйгалхоша ден къамелаш. Дукха хьолахь и гочдарш хуьлу царна шайна дуьхьал, Кадыровс а, динан дайша а, шайн ресурсашкахь шаьш гойтучуьнца бIостане.

Масала, 2019-чу шарахь Iарбой Iадийра гочдархоша, хьалхо Кадыровс а, муфтийс Межиевс а уьш сийсазбеш дина къамел нахала а даьккхина.

Шайн критикашна Нохчийчоьнан куьйгалхочо туьйсу кхерамаш бахьана долуш бакъоларъяран организацеша Iедале дIахьедира. Цкъачунна шайн аьтто ца балахь а, уьш къар ца ло, шайн ма-хуьллу Кадыров жоьпе озавайта хьийзаш.

Шегара яьллачу ледарлонна холчу хIоьттира муфтий Межиев, никъабна тIехула цо зудаберашкара бехкаш дохуш видео Iарбойн аудиторига яьлча. Шех нийса ца кхеттера бохуш, бехказавийла дийзира цуьнан: "Грозный" телеканало дийнна леррина цхьа репортаж йира Iарбойн маттахь оцу тIехула.

Делахь а, цунах ца тийшира, ала дашна, цуьнан оппонент, шейх Димашкъыйа Iабдуррахьман.

Оьрсийчоьнан ладогIархошна лерина дац

"Вай уьш ца совцабой, байъина, набахте хьисийна, кхерамаш тесна, хIуъа а дина а ца совцабой, вайчух гIуллакх хир дац. ХIинца бохур ду, Рамзана нах байъа аьлла, и аьлла, хIара аьлла бохуш", - латкъаме велира Кадыров "Грозный" телеканалан 2019-чу шеран Лахьан-беттан 5-чохь нохчийн маттахь арахецначу керлачу хаамашкахь.

И доллу шен къамел оьрсийн матте а доккхуш довзуьйтуш хилча, хIуттур варий-те политик иштта маьрша къамел дан?

"Нагахь санна, ша аьлларг оьрсийн маттахь дийцинехь, я оцу сохьта адеквате оьрсийн матте гочдинехь, церан юхабовла аьтто хир бацара, даим а шаьш ма-дарра. Стешха юхабовлу уьш: оха ишта ца элира, Кадыров кхин ала гIертара, бохуш. Доьзалехь нанас шен бер човхош, "ас вуьйр ву хьо" алар санна, бух боцуш ду бохура. Бакъ ма дац иза! Массарна а хезаш, министрийн кабинетца кхеташо дIахьочу заманчохь дина къамел ма дара иза", - дуьйцу "Мемориалан" программийн координаторо Орлов Олега (Оьрсийчоьнан Iедалша "Мемориал" арахьарчу агентийн тептаре яьккхина, "Мемориал" реза яц цунна.-редакцин билгалдаккхар).

Кадыровн пиар-сервисаш дика кхета, оцу кепара дIахьедарш Оьрсийчоьнан ладогIархочунна аьлла цахиларх, тIетуху бакъоларъярхочо. Цундела нохчийн маттахь бен ца дуьйцу цара.

"Кадыровн къамелаш Нохчийчохь бехачарна лерина ду, уьш кхеро беза, царна дIахаийта деза, ша да вуйла а, шена хеттарг бен ша дуьйцур доцийла а. ШолгIа аьлча, и кхерамаш тийсар нийсаллица хьежа а беш хуьлу, къаьсттина журналисташна, бакъоларъяорхошна, муьлхха а критикашна, Нохчийчохь долчуьнца бала болчу муьлххачунна а аьлла", - кхин дIа дийцира Орловс.

Бакъоларъярхочунна ца хаьа нохчийн мотт, делахь а, цуьнан кхерамех дика кхета иза: "Сан доттагIаша а, белхан накъосташа а дерриг а гочдо суна, тIаккха кхета со, сайна туьйсучу кхерамех а".

Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" офисан куьйгалхочунна Аламов Мохьмадна хетарехь, Оьрсийчохь тахана куьйгаллехь болчийн йолчу позицица, Кадыровн дешнаш гочдарх а, кхерамаш тийсарца дерг хийцалур долуш дац.

"Цуьнан кхерамаш бахьана долуш масех дIахьедар дира, - дагадоуьйту Аламовс. - Бакъоларъярхойн а, журналистийн а аьрзнаш Инарла прокуратуро Нохчийчуьрчу прокуратуре дIахьийсадо, ткъа царна низам дохийна меттиг ца го цаьрца. Суна хетарехь, нагахь санна, кхечу регионан куьйгалхо оцу кепара лелча, цунна могуьйтур дацара, ткъа Кадыров Рамзанца дерг - цхьа къаьстина хIума ду".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG