ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Ахъядов Рамзанна набахтин 7 шо кхайкхийна Шемахь тIом барна


Ростоврчу тIеман кхело низамехь йоцчу гIеранийн декъавахарна набахтехь даккха 7 шо кхайкхийна Нохчийчуьрчу Ахъядов Рамзанна.

Кхело тоьшалла карийна лору Ахъядовс 2013-чу шеран тIаьххьарчу муьрехь Шемахь тIом бина хиларх. Бехкевечо даре ца дина ша Шемахь тIом беш лелла хиларх. Кхин сов башхаллаш йовзуьйтуш яц листина даьккхинчу девнан.

  • Хьалхо Кавказ.Реалиино дийцира Нохчийчохь 63 шо долу яхархо террорца доьзначу зуламна бекеярх лаьцна. Талламо бахарехь, халифат кхуллуш дакъалаьцна цо. Ткъа гергарчара бахарехь, шен беран бераш лечначуьра кIелхьара даха яхна хилла иза Шема.
  • Ах шо хьалха Кхарачой-Чергазийчуьра Аллифрова Зухрана кхо шо хан туьйхира набахтехь такха 131 эзар сом экстремистийн "Исламан пачхьалкхерчу" наханна хьажорна.
  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, тIемалой хиларна бекебечу наха дукха хьолехь, шаьш кхеле кхаьчча, шайгара тоьшаллаш етташ даьхна олуш хилар.
XS
SM
MD
LG