ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БуьритIехь ши полисхо лаьцна нахера кхаьънаш бехарна


ФСБ-но полицин ши белхахо лаьцна БуьритIехь кххаьънаш эцарх йолчу шеконца. Иштта довзийтина Кавказ.Реалиина уьш лецаран бахьана низамаллин урхаллехь.

Официалан версица, наркотикаш лелош гучуваьллачу Къилбаседа ХIирийчоьнан вахархочуьнгара, бехктакхам лахбийриг, ахча дехна цара. Лецна полисхой шаьш болх бечу БуьритIерачу полицин Промышленни кIоштан декъанна уллехь.

"ТIееъначу машена чуьра вуно сиха охьалилхира оперативан белхахой, цара секундашкахь лаьцна, дIавигира ши полисхо", – дуьйцу гинчара.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло зуьйш ю шен ши белхахо, уьш бехке хилар билгалдалахь, даржашкара бохор бу, аьлла куьйгалло.

  • Хьалхо Къилбаседа ХIирийчуьрчу Талламан комитетан урхалло бехктакхаман гIуллакх диллира полицин наркотикашна дуьхьаллаьттачу декъан шина белхахчунна дуьхьал: полковника а, майора а 500 эзар сом дехнера таIзар лахдийриг БуьритIерачу яхархочуьнгара. Ткъа бехктакхам тIехьош дац оцу зудчуьнгахь карийна долу "Лирика" молха бахьанехь.
XS
SM
MD
LG