ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан куьйгалхо лаьттинчун вешина 12 шо хан тоьхна


Москварчу кхело шогачу рожан колонехь даккха 12 шо хан кхайкхийна Халкъан гуламан депутат хиллачу Абдулатипов Раджабна. Иза бехкевина баккхийчу барамашкахь кхаьънаш эцарна а, хьарамлонаш лелорна а.

Цул совнах, Абдулатипов декхаре ву бархI миллион сом гIуда такха а. Иштта, кхелахоша дихкина цунна пхеа шарана финансийн-бахамца доьзна пачхьалкхан белхашкахь даржаш дIалеца а.

Дагестанан хиллачу куьйгалхочун Абдулатипов Рамазанан ваша ву Абдулатипов Раджаб. Иза лецира ХIинжа-ГIалахь Гезгамашин-беттан 26-чу дийнахь.

Талламан комитето хаам бира хIетахь, даккхий кхаьънаш а оьцуш, бакъо йоцуш бахархошна заьIапхой бу бохуш, пенсеш эца кехаташ кечдеш леллачу зуламхойн тобанехь лаьттина аьлла, шеконашка эцна Абдулатипов аьлла.

Оцу бехкзуламан гIуллакхан гурашкахь лецира ишта мехкан медико-социалан экспертизан бюрон куьйгалхо Махачев Мохьмад а, цуьнан куьйгакIелара нах а. Махачевна набахтехь даккха диъ шо кхайкхийра.

2006-2016-чу шерашкахь Оьрсийчоьнан Федералан миграцин гIуллакхан Дагестанерчу декъан куьйгалхо хилла ву Абдулатипов Раджаб. Цул тIаьхьа иза хилира Дагестанан Халкъан гуламан депутат.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG