ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн протестан жигархоша сацийна мацалла хьегар


Муфтиятан а, ГIалгIайчуьрчу тайпанийн Кхеташонан а дехаршца, хьалхо кхайкхийна хилла мацалла хьегар сацийна экстремизмана бехкебинчу гIалгIайн жигархоша. Фейсбукерчу шен аккаунтехь бина цунах лаьцна хаам адвокато Кодзоев Бориса.

"Оха, бухахь куьйгаш яздинчара, официалехь дIахоуьйту, Саутиева Зарифа юха а колони схьакхачорца доьзна, кху беттан 16-чохь лаьцна мацалла юхайоккхуш хиларх. Оха мацаллин бойкот сацош ю тхоьга муфтиято а, юкъаралло а, ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташоно а, кхинболчу, тхуна а, тхан халкъан кхолламна а сагатдечу наха а динчу дехарна",- аьлла, яздина ду СИЗО-н куьйгалхочун цIарах лецна латточара дахьийтинчу кехата тIехь.

Дахначу шинарин дийнахь яздинчу кехатна буха куьйгаш яздина мацалла кхайкхийна хиллачу - Барахоев Ахьмада а, Чемурзиев Бараха а, Мальсагов Мусас а, Нальгиев Исмаила а, Хаутиев Багауддина а.

Лоьрийн дехарца мацалла юкъахъяккха дийзира хьалхо Ужахов Малсаган а, Саутиева Зарифин а.

"Кавказский узел" агенталле адвокато Абубакаров Мохьмада бинчу хаамца, кхелан кхеташонехь хила аьтто ца белира Барахоевн а, Чемурзиевн а, Ужаховн а, церан могушалла ледара хиларна.
ГIалгIайн жигархоша мацалла хьегарца доьзна ду аьлла, тешна ву адвокат, цаьргара хьал.

2021-чу шеран Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь "гIалгIайн протестан" лидерех лору Саутиева Зарифа изоляторера цIахь латточу хьоле яьккхира Ессентуки гIалахь дов хоттучу Кисловодскан кхело. Амма прокуратуро и сацам латкъаме а баьккхина, хийцийтира Ставропол-мехкан Лакхарчу кхеле, ткъа 16-чохь Саутиева изоляторе дIайигира юха а.

Ставрополехь тIеэцначу сацамна резабоцчу Саутиева Зарифин накъосташа, иза а санна, шайна тIехь ечу кхеле ийзийна, изоляторехь латточу гIалгIайн лидерша мацалла кхайкхийра, севцца шайга хоттучу девнан процессехь дакъалоцучуьра. Оцу хьокъехь фейсбукехула хаам баржийнера адвоката Дзугаев Билана.

2019-чу шеран аьхка лецира Саутиева. Цунна, кхечарна а санна, бехкедо экстремизман тобанехь хилар а, 2019 шеран Зазадоккху-баттахь Магасехь гулам бохош хьийзинчу Iедалан белхахошна дуьхьал ницкъ баккхар а.

  • "ГIалгIайн протестан" гIуллакх айдеш лецира 48 стаг, 30 сов стаганна кхайкхийна набахти. 2021-чу шеран Чиллан-беттан 26-чохь оццу девнаца доьзна лаьцна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Погоров Ахьмада а.
  • Саутиева а, цуьнца лецна латтош болу кхиберш а политикан тутмакхаш лору бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред. билгалдаккхар)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG