ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу кхело 30 эзар соьме охьабаьккхина Залзаевна лучу компенсацин барам


Гайтаман сурт

Ura.ru гIирсан керлачу хаамна тIехула Нохчийчохь прокурор лаьттинчу Залзаев Мурата дехначу 15 миллион соьма тIера 30 эзар соьме охьабаьккхина компенсацин барам Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Дуьйцург ду, хаамийн агенталло экс-прокурор юкъахь волуш хиллачу некъан хьовзамах шен агIонашкахь дийца даккхар.
Ura.Ru гIирсана тIедожийна 30 эзар сом компенсаци Залзаевна дIаяла. Иштта, кхело декхаре йина агенталла, Залзаев Мурадан бехках некъан бохам хиларх язйина информаци бакъ ца хиларх дIакхайкхон а.

"Нохчийчохь прокуратуран белхахочо кхо стаг хIаллаквина. Дийна боллушехь машен чохь баьгна нах" аьллачу цIарца хаам баржийра Ura.Ru ресурсо. Карарчу хенахь публикаци дIаяьккхина, цуьнга хьажа таро ю веб-архивехь.

Нохчийчохь кIоштан кхело 15 миллион сом охьадилла декхарейира махкахь прокурор лаьттинчу Залзаев Муратна URA.RU агенталлин сайт. Агенталлин юристаша арз хьажийнера оцу хьокъехь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхеле.

2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу некъахьовзамах лаьцна бара URA.RU-н хаам. ХIетахь Хьалха-МартантIехь прокуроран гIовс волчу Залзаевн Toyota Camry а, "Лада Приора"а вовшахкхетарх лаьцна бара агенталло, Mash телеграм-канална а, Russia Today сайтанна а тIетевжаш арахецна хаам. "Лада" машенахь хилла ши стаг велира, машен иккхина, егира оцу хьовзамехь. ТIаьхьо талламо бехказваьккхира Залзаев.

Кхеле ша динчу орзехь Залзаев Мурата бехкейора URA.RU агенталла, цуьнан хаам бахьанехь шен прокуратурерчу балхах воха дезна, аьлла.

2018-чу шеран ГIуран-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шичин, Шела кIоштан администрацин урхалхо лаьттинчу Ибрагимов Турпал-Iелин бехках хиллачу некъан бохамехь доьзал бийра: да, нана, церан йоI а. Ибрагимовс бехк тIе ца лецира, я иза жоьпалле а ца озийра.

Ткъа, 2014-чу шарахь нах а бойъуш, хиллачу некъахьовзамна бехкевира ГIалгIайчоьнан хиллачу куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан хадархо лаьттина Мейриев Багауддин. "Интерфаксо" яздарехь, набахтехь даккха диъ шо хан кхайкхийра кхело Мейриевна, амма гIуллакх ширдаларна сацамбира иза маьрша вуьтуш.

ГIадужу-беттан 26-чохь хилла ю инцидент. Белхан машенахь республикан куьйгалхочун машенийн ковраца вогIучу Мейриевн бехках ши зуда йийра, шина стагана чевнаш хилира. Мейриевс бехк тIе ца лецира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG