ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах 26 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 439


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказн мехкашкахь верриг а коронавирусах кхелхинарг ву 26 стаг. Вирус хааелла кхин а 439 стагаца.

Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла 11 дархо, Дагестанехь - ялх, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша велла, ГIалмакхойчохь - цхьа пациент велла уьнах.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах кхелхина вирус яьржичхьана 8 455 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь - 135 стаг.

Ставрополан кIошт + 135 (50 029 пандемин муьрехь)
Краснодаран кIошт + 116 (41 815)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 50 (22 550)
Дагестан + 46 (30 817)
ГIалмакхойчоь + 26 (19 837)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 21 (19 590)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 15 (16 256)
Нохчийчоь + 11 (11 599)
Адыгей + 10 (14 049)
ГIалгIайчоь + 9 (15 068)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 хааелла 241 610 стагехь. Ерриг Оьрсийчохь, Оперативан штабан информацица, Зазадоккху-беттан 25-чу денна и терахь ду 4 501 859* .

*Оьрсийчоьнан официалерчу статистико шена юкъалору аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG