ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхеле хьажийна "тутмакхийн элин" Краснодарерчу Кобин дов. Кубанах, Адыгейх, Ростовх "жоп луш" вара иза


Краснодар-мехкан прокуратуро кхеле делла меттигерчу "тутмакхийн элин" Краснодарерчу Кобин дов. Урхалло шен сайтехь бахарехь, цуьнан "зуламийн зона" хилла Кубан йоцуш, Ростов-мохк а, Адыгей а.

"Талламан версица, 2012-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнера Стигалкъкъа-беттан 8 –гIа де тIекхаччалц иза Грецин Республикехь Iийна, цигахь цо дакъалаьцна зуламхойн лаккхарчу могIаршка "тутмакхийн эла" хоржучу барамехь, цунах вина зуламхойн гIеранийн хьалханча", - боху прокуратуро.

Бехкевийриг ву Гуьржийчуьра схьаваьлла Дзидзишвили Коба. Цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийна стохка Охан-беттахь. Зуламхойн гIеранийн хьалханча хIоттарна" олучу бехкаца цунна набахтехь такха тоха тарло 15 шаре кхаччалц хан. Шен хьалхара зулам бехкевечо дина 1992-чу шарахь.

  • Оршотдийнахь нохчех волчу "тутмакхийн элин" Солтаханов Бай-Iелин зудчо дIахьедира, полицин бехкталларан декъан куьйгалхочо кхерамаш туьйсу шен майрачунна, аьлла. Набахтехь такха тухур йолу хан яцйийриг бехк тIеэца бохуш хьийзаво иза, аьлла бу цуьнан латкъам. ТIедиллар кхочуш ца дахь, берриг а доьзал лоцур бу, аьлла шега, боху зудчо.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG