ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийн ломахь бахархоша, 5G – объект ю моьттуш, ягийна зIенан бIов


Къилбаседа ХIирийчуьрчу Алагиран кIоштарчу Мизур юьртахь бевзаш боцчу наха оршотдийнахь ягийна дехьа-сехьайоккхуш, дIаслелош хилла зIенан обеъкт. Оцу хьокъехь хаам баржийна республикерчу информацин технологийн, зIенан урхаллин куьйгалхочо Салбиев Аслана.

"Акхаллин рогIера гIулч. ЛартIахь боцчара махкахь технологеш ца кхиийта лууш дина тIелатар ду иза. Цхьа а 5G а яц, зIенан операторийн гIирс бу багийнарг. Хьал тергамера дала герга ду", – яздина фейсбукехь зIенан хьаькамо.

ЗIенан бIаьвнех летарш "дешна боцу, бодане нах бу, царна шайн хьехара арахьажча гуш долу дуьне довза ца лаьа, ца деза, факташ, аргументаш кIадбоцург ду царна", яздина Салбаевс. Мобилан зIенан гIирсанна иштачу наха динчу зенан барам вуно боккха бу, боху цо.

"Хьалха заманашкахь ХIирийчохь зIенан метта бIаьвнаш тIехь цIерш ягош лелла, хIинца мобилан зIенан станцеш ягайо. ШолгIа шо ду тхо оцу акхаллица къийсало. Соьга собар а ца дитина: станцеш ягайо, герзаш детта царна, я тухий, муфтанаш чуэгайо. Лаьмнашкахь цхьанна гIо эшна меттиг еъна, орца деха эшча? Телефон тохалур яц иза деха, тIаккха зIе бехкейийр ю. Цо ишта а бо шена зен а деш болх – лаьмнашкахь зIе латтол дукха нах боццушехь, латтайо оха мобилан зIе", – иштта къадийра Кавказ.Реалиига шена а, шен белхан коллективна а хилла вас Салбиев Аслана.

Мизур юьртахь муьлхачу опреаторан зен дина, ца дийцира Салбиевс. ЗIенан белхахоша сихха юкъаяьккхина эшча лелош йолу станца, амма хаъал эшна юьртахь зIе. Яьгна станци дIаяккха дезар ду, тоян пайде яц иза хIинца. Зуламхой лохуш ю Алагирера полици.

  • Хьалхо Салбиев Аслана цIерш ехира "5G-зIе эшорехь тоьллачийн" - уьш яра кIошташ Дигора, Алагир, Беслан, Мазалк, Ардон, Октябрьское, ярташ Луковская, Михайловская, ГIизлара, Куртат, Сунжа. Цигарчу бахархоша луьра дуьхьало йо, юкъа ца йоккхуьйту зIенан керла технологи, халахетарца яздора йо.
  • ГIура-баттахь Ардонерчу "5G эшорхоша" ца хIоттаяйтира шайна гергахь телекоммуникацийн бIов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG