ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"БIаьхойн рицкъ диина аш". ХIирийн медикашна ца делла "ковид-ахча"


Бесланерчу Къилбаседа Кавказан медицинан центран белхахошна дIа ца делла ковид-хьелашкахь алапашна тIетоьхна хилла ахча. Пандеми йолалуш церан дарбан цIа официалехь ковид-пациенташ тIеэца кечйина ца хиллехь а, цо кхочушдина Чиллан-бутт герга кхаччалц "орцан медицинан" декхарш : лаккхарчу технологийн тIегантIехь дарбанаш лелочу центрах коронавирус кхетта пациенташ чуоьцу хIусам йира центрах. COVID-19 цамгар йолу 1972 стаг чекхвала центрехула, амма и ун лаьцна цигарчу медикийн персоналах доккхахчу декъо ша а.

Алапашна тIедала догIу ахча луш дацар Къилбаседа ХIирийчоьнан могашаллин министралло дузу медцентр шен карахь а йоцуш, Оьрсийчоьнан могашаллин министраллин куьйга кIел хиларца. Цундела регионан министралла декхаре яц цунна финансаш латто. Цу тIе, медицинан центро официалехь бина а бац ковид-дархошца болх.

Амма центран медикашна шен ахча лойла дацар чоьхьарчу омранашца я сацамашца тIе ца чIагIдина мехкан министралло, аьлла бу цуьнан куьйгалхочуьнга Гогичаев Тамерлане медикаша бина латкъам. Цул сов, меттигерчу министралло Оьрсийчоьнан министралле ца хаийтина центр ковид-пациенташ чуэца кечйинийла. Доцца аьлча, белхан функцеш медицинан центро шен чоьхьарчу сацамца хийцина. Оцу бахьаница Оьрсийчоьнан урхаллехь тIе ца чIагIбеш бисина хийцам, центр белхахойн алапашна тIетуху ахча а ца луш йитина.

Бесланера центр Iожаллин тIамтIе хIоттийна аш

"Оьрсийчоьнан могашаллин министралло Къилбаседа Кавказан медицинан центр ковид-пациенташ тIеэца декхаре шен омрица йина хиллехь, оцу омрица цхьаьна алпашна тIетуху ахча а хир дара къастийна. Ткъа хIинца Къилбаседа ХIирийчоьнан могашаллин министралла гIерта центрера 500 медик тIедогIу ахча ца луш вита. Лараме министр Гогичаев, ма-дарра аьлча, тIаме кхийсинчу бIаьхойн рицкъ диина аш! Цунах белхан декхарш дIатасар олу, я даржо лучу бакъонел соввалар олу. Ахь Бесланерчу центран белхахой "коронавирус" олучу Iожаллин кхерамца бечу тIаме хьовсийна. Царех дукхахболучарна ун кхетта, кхетта ун церан доьзалшна а, белла цхьаболучийн дай-наной, чуьра нах, амма цара сийлаллица кхочушдина лоьран декхарш", – яздина дIахьедаран авторша.

Пандеми яржале хьалха бахархой Къилбаседа ХIирийчуьра лелла ца Iаш, дарба дайта Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а лелла йолчу центран белхахошкахь IаьIна дегабаам беста болабелира 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан юьххьехь. Цара центран куьйгалле дийхира шайна уьнах Iалашбала оьшу духар далар. Ткъа цхьаберш хьехо буьйлира, шаьш "хIаллакдан кхуссу эскар санна, тIаме кхийсина" хилар далхо. Кхечу дарбан хIусамашкахь "кхераме зонаш" а къастош, медикашна уьнах ларбен духар деллехь, садаIа обсерваторш латтийнехь, шаьш инфекцина "юьхьдуххьал хIиттийра", боху центран белхахоша.

"Тхаьш массеран а цIарх яздинчу кехатехь оха билгалдаьккхина тхайн цхьаболчу накъосташа, инфекци цIа а кхоьхьуш, шайгара дIасадаржийначу уьнах белла гергарнаш дIабоьхкина хилар. Теша мегар ду шуна, оха иза дашна а ца боху. Ишта факташ йолуш ю. Тхох дукхаберш коронавирусан керлачу кепах а чекхбевлла. Ун кхетта хилар тесташа гайтина болчу белхахойн "аьтто баьлла" гIеххьачул: царна дахар Iалашдечу социалан фондаша ахча делла цомгуш хиллачу белхахошна луччул – 68 эзар соьмаш", - элира Кавказ.Реалиица анонимехь къамел дан реза хиллачу центрерчу цхьана белхахочо.

Белхан чолхе хьелаш шалхадевлла алапна тIетухучу "ковид-ахчанца"

Иза доцуш, 2020-чу шеран Дечкен-баттахь лоьрашна федералан бюджетера 54 эзар соьмаш делира. И ахча Оьрсийчоьнан могашалллин министралло хьажийнера коронавирусан хьелашкахь болх бинчу Къилбаседа ХIирийчуьрчу медикашна. Амма ригионерчу урхалло тIетуху "ковид-ахча" цунах ца олуш, шен бухгалтерин кехаташкахь цIетиллира "белхан чолхечу хьелашкахь луш долу ахча".

"Деллачу ахчанна цIе иштта яьккхинехь, кхеташ ду, медикаша доьху ахча низамца догIуш дуйла", - элира Кавказ.Реалиига адвоката Бибилова Жаннас. Цо дийцарехь, регионан бюджетера медцентран белхахошна дала догIу 114 миллион сом.

Стохка аьхка Правобережни кIоштан кхеле арздина 553 медицинан белхахочо – лоьраша, медйижарша, орцан медицинан машенанлелорхоша. Йоьдучу кхелан рогIера ладогIарш хир ду Зазадоккху-беттан 24-чохь. Цигахь луьстур ду хьалхарчу 32 медикан аьрзнаш, ткъа дукхахболчу центран белхахойн леткъамаш луьстур бу Охан-батта юккъехь.

Оьрсийчоьнан могашаллин министраллехь девзаш ду Бесланера хьал. Министре Мурашко Михаиле а дахьийтина медикаша арз. Цуьнан урхалло шен заманчохь дIахьажийна Къилбаседа ХIирийчу медицинан белхахошна халчу хьелашкахь болхбарна догIу ахча. Амма БуьритIерачу министралло ша дала ца деза "ковид-ахча" федералан урхаллина кIел йолчу медцентрна, боху. Адвоката Бибиловас иза харцо лору, цо чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан могашаллин министралло бац къестош медикаш регионийнний, федараланний тIегIанашка; ахча коронавирус кхеттачу нахана гIодинчу медикашна цхьабосса догIу.

Адвоката дийцарехь, Бесланерчу центрехь иккхина хьовзам хьовзам кхин а 6 федералан медцентрехь а лаьттина – кхечу регионашкахь. Амма цигарчу центрийн куьйгалхойн аьтто баьлла цакхетам Оьрсийчоьнан могашаллин министраллехь цхьалхабаккха. Ткъа адвокатна хетарехь, Бесланерчу центран коьрта лор Уртаев Ролан а ву гIеххьачул бехке: цо шен персоналан хьашташ кхочушдар ца дехна лакхарчу урахллашкахь ладамболлуш. (Ша Уртаев реза ца хилира Кавказ.Реалиина интервью яла).

Шайна ахча цадалар меттигерчу низамна тIехьожучу хьукматаша тидаме оьцур ду моьттина медикашна юьхьанца, амма кIоштан прокурора Бадтиев Сармата тергамза битина церан леткъамаш, боху адвоката Бибиловас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG