ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь кхело тIечIачIбина гIебартойн ММА-н латархо Оьрсийчоьне дIавала бина сацам


Украинерчу Чернигов-мехкан аппеляцин кхело тIечIагIбина хьалхарчу инстанцино Инарла прокуратурин дехарца ийначу латаршкахь дакъалоцуш волу гIебарто, 38 шо долу Ширухов Адам Оьрсийчу юхахьажо бина сацам.

Хьалхо билгалделира Украинан прокуратуро цунна экстрадици Оьрсийчоьнан прокуратурин дехарца еш хилар. Хаамо бохура, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин ГIебарта-Балкхаройчоьнан урхалло Шируховна дуьхьал бехктакхам айбина цо "арахьарчу пачхьалкхан территори тIерачу тIеман тобанехь дакъалацарна".

Оьрсийчоьно тIекарло ечу, Шемахь Асад Башарна дуьхьал лаьттачу тIеман тобанехь лелла хиларна бехкево Ширухов. Ша цо бахарехь, Оьрсийчуьра 2009-чу шарахь дIаваххарх Туркойчохь ваьхна иза, 2014-чу шарахь дуьйна – Украинехь. Иза тIечIагIдо цуьнан арахьарчу паспорта тIе цо доза хадош диттинчу мухIарша а. Украинан цIарх ММА-хь лета волавелира спортсмен 2015-чу шарахь.

2020-чу шеран Дечкен-баттахь Шаруховна 11 шо хан туьйхира набахтехь такха Черниговн кIоштан кхело – бехкевира талор дарна. Латархочо бехк тIе ца ийцира, арздира сацамна. Украинан миграцин урхалле шена мухIажиран статус а йийхира цо.

  • Масех де хьалха Украинан Инарла прокуратуро талла долийна Оьрсийчуьрчу коллегийн дехарца гIалгIайн жигархочунна, Шолжера волчу Сейнароев Салманна экстрадици ярх долу гIуллакх.
  • Украина кхераме ю тховкIело лоьхучу нахана, дIахьедира 2019-чу шарахь Харьковрчу бакъоларъяран тобан проектийн куьйгалхочо Захаров Бориса. Цо шегахь бух бу аьлла Украинерчу къайлахчу сервисаша Къилбаседа Кавказера схьабевллачу наханна дуьхьал боцу бехкаш кхуллуш хилар тIечIагIдеш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG