ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Италехь хIордан ницкъийн капитан лаьцна Оьрсийчоьнехьа шпионалла лелорна


Римехь хIордан ницкъийн капитан лаьцна Оьрсийчоьнехьа цо шпионалла лелорах йолчу шеконца. Инарла штабехь болх беш хилла иза, къайлахчу информацина тIекхочийла а долуш. Цуьнца цхьаьна лаьцна Оьрсийчоьнан эскархо а, цуьнан дипломатин статус зуьйш ю карарчу хенахь. Оцу хьокъехь хаам баржийна La Repubblica газето.

Лецарш нисделла италхочо Оьрсийчуьрчуьнга къайленийн кехаташ дIаделча. Капитан тIекхочийла долуш хилла Италин эскарийн а, хIордан ницкъийн а, НАТО-н белхан а информацина.

la Repubblica газето бахарехь прецедент йоцу хилам бу иза – Италехь тIаьххьара шпион лаьцна 1989 шарахь. Оьрсийчоьнехьа шпионалла лелорца доьзна дара иза а.

Ши кIира хьалха, Зазадоккху-беттан юккъехь, София шахьарахь лерина операци дIаяьхьира Инарла штабан эпсар лоцуш – Оьрсийчоьнан агIор шпионаж лелорна шеко йолуш айинера иза.

  • Инцидент бахьанехь Италин арахьарчу гIуллакхийн министралле кхайкхина Оьрсийчоьнан векал, хаам бо РИА "Новости" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG