ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департамент: Нохчийчоь Оьрсийчуьрчу Iедалан тергонера яьлла


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто ша шарахь цкъа арахьарчу мехкашкахь адамийн бакъонашца долу хьал довзуьйту артикл арахецна. Оьрсийчоьнах лаьцна ю 72 агIо, 48-зза хьахийна Нохчийчоь. Вашингтоно билгалдоккху федералан Iедало республикерчу куьйгалхойн гIуллакхашна тIехь ен терго ледара хилар.

2020-чу шарахь Нохчийчохь низамаш талхор гойтуш, Пачхьалкхан департаменто довзуьйту, кхеле девнаш а кхачонза, наханна тIехь дина таIзарш, ЛГБТ-н могIаршкара нах хьийзор, журналисташна тIейаткъамаш бар, къепелатточу урхаллийн белхахоша адамашна "массанхьа а гIелонаш" яр, махкахь а, дозанал арахь а Кадыров Рамзанан оппоненташ хIаллакбеш, Iедална резабоцчу нехан а, террорхой хиларх шеко йолуш лоьцучу, бойъучу кегийрхойн а гергарчарна жоьпалла тIедожош хилар.

  • "Новая газето" кхушара арахийцира, йина кхел а йоцуш, 2016-2017-чу шерашкахь нах хIаллакбарх болу талламаш. Оцу хьокъехь дуьххьара тоьшалла динарг ву Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полкехь болх бина стаг. Оцу талламашца доьзна республикан куьйгалхоша дехна Кремле шаьш журналисташка "сийсаз цадайтар".

  • 2020-чу шарахь дозанал арахь вийра Кадыров Рамзанан ши оппонент – Австрехь веха блогер Умаров Мамихан ("Венера Анзор") а, Францино тховкIело елла волу Алиев Iимран а ("Мансур Старый"). Цул совнаха, Швецехь кIелойина, лазийра нохчийн оппозиционер-блогер Абдурахманов Тумсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG