ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Барто Оьрсийчоь кхойкху "Новая газетана" Нохчийчуьра кхерамаш тийсар сацадайтаре


Журналист Милашина Елена
Журналист Милашина Елена

Европан Барто Оьрсийчоь кхойкху журналистана Милашина Еленина Нохчийчуьра туьйсу кхерамаш совцабайтаре. Европан арахьарчу политикан урхалло (EEAS) шоьтан дийнахь, Зазадоккху-беттан 20-чохь, динчу дIахьедарехь «Новая газетана» а, цуьнан журналисташна а кхерамаш тийсар дитийта деза аьлла. Нохчийчохь кхел а йоцуш адамаш хIаллакдарх йолчу Милашина Еленин артиклера информаци таллар хьоху цо Москвана.

Европан дипломаташа динчу зераша билгалдоккху Милашинан талламаша Нохчийчохь адмийн бакъонаш диллина талхош юйла гайтарца "теша йиш йолу материалаш арайохучу хаамийн гIирсийн а, бакъоларъярхойн а" могIарш бузуш хилар. Кхел йоцуш нах хIаллакбарх, таIзарна кIел латторах йолу регионера эпизодаш таллар а, бехкенаш жоьпе озор а доьху Брюссело. Иштта бу «Немцойн тулгIе» радионо бен хаам.

Европан арахьарчу политикан урхалло (EEAS) догдоху Оьрсийчоь адамийн бакъонаш, маршо ларъярх долу шен чоьхьара а, дуьненаюкъара а декхарш кхочушдеш хиларе.

  • Зазадоккху-беттан 15-чохь "Новая газето" арахийцира Кадыров Ахьмадан полкехь нах хьийзор, байъар толлуш карийна тоьшаллаш довзуьйту таллам. Кхел йоцуш нах байъарх лаьцна дуьххьара тоьшалла далийра полкехь нах бойъуш гинчу, цигахь болх бинчу Гезмахмаев Сулимана. Ши де далале, Зазадоккху-беттан 17-чохь, газета дIакъовлар Iедална тIедожош гулам хIоттийра Соьлжа-ГIалахь. Республикан Юкъараллин палато дIахьедар хьажийра Оьрсийчоьнан президенте изза дехар деш. Кадыровн полкан белхахоша а хьажийна Путине видео-дIахьедар, арз дина цара "Новая газетана", кхерамаш туьйсу журналисташна.
  • Цунна жоп луш, Путинан пресс-векала Песков Дмитрийс дIахьедира, президент арбитр вац иштачу ситуацехь, гIуллакх кхеле даккхар хьийхира Нохчийчоьнан куьйгалхошна. Делла жоп ца тайначу Кадыровс дагабахкийтира Кремлна "Нохчийчоь Оьрсийчоьнан декъа юхаялош эзарнашкахь белларш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG