Италин арахьарчу гIуллакхийн министра Ди Майо Луиджис дIахьедина, ша Оьрсийчоьнан векалга Разов Сергейга хаийтина хилар Оьрсийчоьнан дипломатийн миссин юкъара ши белхахо аравоккхуш хиларх лаьцна. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо.
Хьалхо Оьрсийчоьнан векалалло бакъдира Римехь Оьрсийчоьнан тIеман атташен аппаратера стаг лацар, хилларг шаьш къастош хилар а хоуьйтуш.
Зазадоккху-беттан 31-хь хиира Римерчу векалаллехь болх беш волу оьрсийн эпсар а, Италин ХIордан тIеман ницкъийн капитан а лаьцна хилар, шпионаж лелор бахьана долуш.