ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Горгали - чкъурган диск а, аьчка сара а бу". Дагестанерчу школашкарчу тишачу хьолах


Оьрсийчуьра уггар а тишачу хьолехь йолчу школийн кхозлагIа дакъа Дагестанехь ду, ткъа цигарчу дукхахйолчу доьшийлашкахь канализаци янне а яц. 2019-чу шеран Чиллан-баттахь Федералан гуламе ша дечу рогIерчу дIахьедарехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира элира, Оьрсийчуьра 200 гергга бер лелачу школашкахь "лартIахь йовхо, йа хи а, йа канализаци а яц" аьлла. Шина шерачохь и проблемаш "ерриш а ерзае" аьлла, тIедиллинера цо. Ткъа ерзиний уьш?

"Доьшийлашкарчу хьоле ладоьгIча, Оьрсийчохь уггар а чолхе регион ю Дагестан. Пачхьалкхерчу гIад дайначу школийн гIишлойн кхозлагIа дакъа цигахь ду олийла ду. ХIора Дагестарнера 14-гIа дешаран гIишло дIайохон езачу хьолехь ю, ткъа кхечу школашкара хьал кхин дала делла дац. 35 процент гIишлош коьртера дуьйнна тоян езаш ю, чохь хи а, канализаци а йоцуш ю церан цхьа дакъа", - яздора "Важные истории" гIирсо Зазадокху-беттан юккъехь.

2019-чу шеран зерашца, Дагестанехь 144 ледарчу хьолехь школа яра. БIеннал сов яра шира ю аьлла, билгалъяьккхина школа, ткъа 650 коьртера дуьйнна тоян езаш яра.

Оцу юкъанна, 2018-чу шарера схьа дуьйна дешаран хьукматийн бахаман-техникан хьал тодан Iалашонца юкъаяьккхина "БIе школа" проект ю. Меценатийн а, муницапалитетийн а, Iедалхойн а чоьтах тоеш ю оцу программина юкъаэцна школаш.

Мехкан дешаран министраллан зерашца, 2018-чу шарахь оцу программин гурашкахь тойина 117 школа, ткъа 2019-чу шарахь кхин а алсам, 217, амма дахначу шарахь юха а болар лахделира - 136 школа бен тоян ницкъ ца кхечира.

Ерриг Оьрсийчоьнан Халкъан фронтехь (ОНФ) Кавказ. Реалиига дийцарехь, къаьсттина хала ду кIеззиг дешархой болчу кегийчу школашкахь гIирсаш нисбар. Кегийчу эвлашкахь, ярташкахь ю уьш, цигахь школаш ян, йа уьш меттахIиттон лерина ахчанаш хьежо мегарг хиларан буха тIе бало хало хуьлу.

"УьйтIарчу рагIу бухарчу яьшканаш чохь латтош ю берашна яош йолу кексаш

"Тхан жигархоша видео яийтинера Цунтинскан кIоштарчу Эльбок эвлара. Доларчу цхьана хIусам чохь ю цигара юьхьанцара школа. Цу чохь лаьтташ берийн маьнга а, шиъ охьавуьжу маьнга а, парташ а, телехьожийла а, пеш а ю.
Йовха яахIума ян а яц цигахь. РагIу кIелахь латточу яьшканаш чуьра кексаш яайо берашна", - дуьйцу ОНФ-н пресс-секретаро Адамова Рагимата.

Ша вехачу Хебатли юьртарчу тишачу хьолерчу школана тидам тIеозон Iалашонца Цунтинскан кIоштан юкъараллан палатан куьйгалхочун гIовс волчу Абдулкаримов Магомедрамазана пикет хIоттийнера ХIинжа-ГIалахь. Шайн дахарна кхерам лаьттачу школехь деша декхаре бу дешархой аьлла, дийцинера цо президентан администрацица йоьдучу видео пресс-конференцехь.

"Дагестанехь ас орца дехаза цхьа меттиг ца бисина. "Москвано ахча ца ло", - олу соьга массара а", - хаам бинера цо Кремле.

Церан проблема тидаме а эцна, оцу эвлахь керла школа ян еза аьлла, дешар кхиоран федералан программи юкъа яхийтира.
Бакъду, хиллачу бертаца а догIуш, стохка йина яьлла хила езара школа, Абдулкаримовн дешнашца, хIеттахь бен белхаш болийна бацара цигахь.

Тахана а охьахарца кийчча йолчу школан гIишло чохь доьшуш ду бераш. Керла еш йолу школа, цо дийцарехь, барамаш а ца лоьруш хьалаеш хиларна, бух иккхина гуш бу.

"ТIаьхьий-хьалхий проблемаш ю цигахь. Масийттазза тIехьажа нах кхайкхинера ас. Ладам боллуш еш яц, гIишлошъяран технологи йохайо. Юьхьанца дуьйна а оцу нахаца болх беш вара со, цхьацца хеттарш суна тIехь дара, ткъа церан болх сайна гинчул тIаьхьа, юхавелира со. Ас шайга хеттарш дича: хьуна стенна оьшу и олу. Ас боху, бархI шо ма дара хIара болх болабайта со хьийза", - дуьйцу Абдулкаримовс.

Официалехь дечу дIахьедаршца терахьаш дуккха а лахара делахь а, иза тешна ву, Цунтинскан кIоштахь 80 процент школаш гIад дайна хиларх. Масала, Хутрах эвлара школа (103 дешархо ву цигахь), Абдулкаримовс дийцарехь, "доьшучу хьолехь яц". Стохка оцу школехь хиллачу цо видео дIаязйинера.

"КIоштан администрацина пайден дац и проблемаш йийцареян, хIунда аьлча, церан уккалх хIума кхетар ю

"Оцу школехь тухуш болу горгали муха бу аьлча- чкъурган диск а, аьчкан сара а бу", - дийцина Адбулкаримовс.

Школан гIишло чохь летош пешаш ю, хIора класса чуьра аракъедаш туьнкалгаш ю, пенаш лилхина ду, тховх чу Iийдалуш ладарш ду.

"КIоштан администрацина пайден дац шайн проблемаш ялхор, хIунда аьлча, церан уккалх хIума тухур ю", - тешна ву Абдулкаримов.

Школан директора Закарьяев Раджаба Кавказ.Реалиига дийцарехь, бIе шо гергга зама ю школан гIишло лаьтташ йолу. ХIетте а, цо бахарехь, гIад дайначу хьелашкахь ю школа аьлла, лоруш яц.

"Дукха хан йоццуш ХIинжа-ГIалара комисси яийта аьлла, дехар динера оха. ЛадоьгIуш Iаш ду цкъачунна Цара акт хIоттор ду", - боху директора.

ОНФ-н белхахоша дийцарехь, кху заманан нормативашца йогIуш яц йоллу шира школаш.

"Нормативашца, хIора берана шена-шена меттиг кхачон беза классаш чохь, йовха туалеташ хила еза, берашна юург яа меттиг а, пищеблок а хила еза. Пищеблокан а бу шен барамаш: кеп-кепара ялх-ворхI куьйгаш дуьлийла хила еза, гатанаш а. ГIаларчу школашкахь тхуна гуш хила оьшург, ткъа ярташкахь - цхьа наггахь", - дерзийра шен къамел Адамовас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG