ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзана а, цуьнан йишин кIанта а эцна Бузова Ольгин инстаграмме язбелларш


Бузова Ольга
Бузова Ольга

Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан гергарнаш а - мехкан некъан инспекцин буьйранча Черхигов Идрис, кхиберш – бу телевиденин программа лелорхочо, эшаршлакхархочо Бузова Ольгас шен инстаграм-аккаунтехь машен къовсучу рекламе баьхна. Социалан машанерчу церан аккаунте язбала кхойкху нах, кхоже йиллина BMW машен.

Къовсамехь дакъалоцучарна язбала кховдийначу 134 инстаграм-аккаунташлахь ю, масала, дукха хан йоццуш Кадыровс Швецера Нохчийчу дIавигинчу, "Ахмат" клубе дIахIоттийначу UFC-латархочун Чимаев Хьамзатан аккаунт а.

Мел мах белла Кадыровс, цуьнан йишин кIанта, Чимаевс Бузова Ольгин аккаунтехула шайн аккаунташ дебориг, хууш дац. Амма 2019-чу шарахь, хаамийн гIирсаша бахарехь, и санначу рекламин цхьана постах Бузовас доьхуш хилла лаххара а 500 эзар сом. И мах, тешна а, лакхабаьлла, эщаршлакхархочун аккаунте язбелла нах 16 миллионера 23 миллионе кхаьчна хиларе терра.

Оцу кепехь Кадыровн накъосташа шайн инстаграмм-аккаунташ рекламе ехкира ши бутт хьалха. ХIетахь джип яра 12 миллион язвалархо волчу блогеран Литвин Михаилан аккаунтехула къовсаме йиллина. Машаренчу 137 агIоне нах язбала кхойкхучу барамехь шайн-шайн аккаунташ рекламе ехкинера Кадыров Рамзанан гергарчара а, цуьнан гоно а.

Цул хьалхо Оьрсийчохь вевзачу рэпера Моргенштерна дийцира Кадыровн доьзало социалан машанашкарчу аккаунташка нах лехьабечу барамашкахь дакъалоьцуш хиларх. Нах шайн аккаунташка язбала кхайкхийта луучо дара охьадуьллуш 400 эзар сом. Оцу цхьана барамехь КадыровгIара делира реклама кхайкхийначу аккаунтан дена масех миллион сом.

  • Официалера Кадыров Рамзанан инстаграм-аккаунт къевлина ю Американ санкцешна юкъа иза язвинчу 2017-чу шарахь дуьйна. Карарчу хенахь Кадыровн лоруш ю кхин аккаунт, 6,5 миллион стаг ву цунна язвелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG