ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бегашан де" тIекхочуш дуьненаюкъара Нобелан машаран преми эца хьалхатеттина Кадыров


Тамбов гIалахь тIечIагIйинчу "Дуьненаюкъарчу Нобелан премин информацин центр" компанин куьйгалхочо, Оьрсийчоьнан Iаламдовзаран академин декъашхочо Тютюнник Вячеслава хаам бина, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хьалхатеттина Нобелан машаран преми эца, аьлла. Премин дуьненаюкъарчу центро комментари яланза ю оцу информацина.

"Ас ца теттина иза хьалха, ас сайга кхаьчна информаци яржийна –норвегаша теттина иза хьалха. Бакъонашца а догIуш, хьалхатеттинарш къайла хьош хуьлу, 50 шо даьлча бен ца бовзуьйту", – элира Кавказ.Реалиига Тютюнника.

Ша Iилманча химин декъехь говзанча ву, 1970-чу шарахь дуьйна толлуш ву иза Нобель Альфредан тIаьхье а, цуьнан премин лауреаташ а.

Тютюнника шена нийса хета Кадыров Нобелан машаран преми эца хьалхататтар, бохура Кавказ.Реалиига, цунна гарехь, политика "дукха гIуллакхаш дина машарна" Къилбаседа Кавказехь: "Тоьъал еха хан ю цигахь хьал маьрша долу. Иза бахьанехь бу машар, аьлла хета суна".

Оцу юкъанна Тютюнник Вячеслав тешна ву Кадыровна цхьана муьрехь къовсамна юкъаваларх, Нобелан машаран преми яккхалур яц бохучух.

"Кхушара хьалхатеттина 300 сов стаг. Цкъа юкъавоккхушехь, номинантна Нобелан преми луш ца нисло. Къайлаяьхьинчу информацех хууш дерг аьлча, шерашкахь, наггахь иттаннаш шерашкахь тоьттуш нисло премина хьалха. Цкъа хьажарх тоьуш дац. 120 шера чохь масех бен вац иштта атта чекхваьлла", - дуьйцу Тютюнника.

  • 2020 шарахь Нобелан машаран премина хьалхатеттира Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, оппозицин политик Навальный Алексей а.
  • Нобелан машаран преми эцначех ву ши Оьрсийчоьнан вахархо – бакъоларъярхо, Iилманча Сахаров Андрей а (1975), Советан пачхьалкхан президент Горбачев Михаил а (1990).
  • ХIиттаделлачу хьелашца, Нобелан комитето гурахь кехаташ хьийсадо кандидаташ хьалхататта охIла винчу масех эзар стаге – Iилманийн эксперташка, юкъараллийн хьукматашка. БIаьста кандидатийн могIарш луьтту эксперташа, аьхка тIечIагIбо къастийнарш. Гурахь Швецерчу Iалманийн академино зорбане йоху кандидатийн цIерш. Ша преми луш йолу церемони хIутту Нобель веллачу дийнахь – ГIуран-беттан 10-чохь. Барам дIахьо Норвегин шахьарахь Ослохь.
  • В 2020 –чу шарахь Рамзан Кадыров хьалхатеттира Машаран а, кхиоран а Институто (INSPAD) юкъаяьккхина йолу Дуьненаюкъара машаран преми эца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG