ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стамбулехь герзаца летачохь вийна нохчо. Дакъалаьцна девнехь "тутмакхийн элано" Ахмадов Хьусайна


Стамбулехь Зазадоккху-беттан 31-чохь, сарахь, герзаш а детташ, вовшахлетта нах, лазийна масех нохчо, велла царах цхьаъ. Кавказ.Реалиин информацица, дов иккхина ахчан декхар бахьана долуш гуьржашний, нохчашний юкъахь, гуьржийн агIоно шайца ахча дIадеха кхайкхина хилла "Хусейн Слепой" шех олуш волу "тутмакхийн эла" Ахмадов Хьусайн а.

Цхьана агIоно декхар юха цадалар телефонехула дийцинчул тIаьхьа, сарахь, чайн а молуш, юкъаметтиг къасто барт бина хилла агIонаша.

Герзашца леташ вийна нохчо Iабдул-Малик, шолгIачу нохчочунна – цуьнан цIе Хайрулла ю - еза чов йина. Билгалбаьлла боцчу хаамца, герз кхеттачу гуьржех цхьаъ велла тIаьхьо. Еза чов йина чохь дов иккхинчу ресторанан дена а.

ТIаьхьарчу 10-15 шарахь дукха а байина нохчий Туркойчохь. Иштта 2008-чу шарахь цигахь вийра Эдильсултанов Хьаьжи а, Джанибеков Ислам а. РогIерчу шарахь вийра Асаев Iела. Махаев Берг-Хьаьжа, Альтемиров Рустам, Амриев Зоврбек вуьйжира киллерийн карах 2011-чу шарахь. 2013-чу шеран бIаьста вийра Ичкерин Туркойчуьра консул, цигахь дай баьхна а, ша вина а волу нохчо Унлю Медет. Эдельгириев IабдулвахIид вийра 2015-чу шарахь, Исраилов Руслан – 2016-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG