ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставропол-махкарчу юьртахь ун кхеттачийн терахь кхаьчна 166-не. Талламчаш бу бахьана лохуш


Ставропол- махкарчу Марьины Колодцы юьртахь кхуьуш ду ун кхеттачийн терахь. Мехкан Талламан комитетан урхаллерчу информацица, 155 стага дехна дарбан хIусамашка гIо, 11 стаг ву ротавирус а, норовирус а диагнозашца чувиллина.

Ун даржаран бахьана лохуш, талламчаша зуьйш ду юьрта хи кхачочу а, дIасадоькъучу а меттигашкара хи. Хеттарш до Талламан комитетан векалша медикашка а, шайга пациенташка а.

  • Чоьнан лазаршца нах дарбан хIусамашка бахка болийра деношкахь. Юьхьанца гучуделира 107 вахархо цомгуш хилар, бераш ду царех 78.
  • Марьины Колодцы юрт лаьтта кхо эзар сов вахархочух, царалахь 700 бераш ду. Нах тобанашкахь лоьрашка гIо деха оьхуш хиларна, меттигерчу дарбан хIусамехь схьайиллина 78 меттигах лаьтта госпиталь, хаам бина могашаллин министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG