COVID-19 пандеми бахьанехь масканаш лелор тIерадаккхар доьхуш алссам цхьаьнакхеттачу наха чуделла арз кхочуш ца дина Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело. Оцу хьокъехь яздо "РИА Новости" агенталло.
Роспотребнадзорна дуьхьал арз чуделлера 1500 стага. Боламан коьртехь волчу Саверский Александра шайн арз доьзнера масканаша могашаллина тIеIаткъамбеш а, кхийола проблемаш кхуллуш а хиларца.
Жоьпалле кхайкхинчу агIонан векалша арздинчийн дареш эмоцешца доьзна ду, бохура. Роскомнадозорехь билгалдаьккхина, коронавирус бахьанехь юкъадаьхначу санитаран декхарша ца талхайо адамийн бакъонаша, аьлла. Роскомнадзоран агIолаьцна Инарла прокуратуран векало.
Дукхахболу орзахой баьхкина хилла кхеле, амма цIа чу ца битина масканаш йоцуш хиларна.
Чиллан-баттахь листа чуэцнера Лакхарчу кхело масканийн хьолах долу арз. Арздинчара доьхура COVID-19 кхерамечу цамгарийн могIарара дIаяккхар.
2020-чу шеран ГIадужу-баттахь масканаш лелор тIедожийра Оьрсийчохь. Амма Iай уьш ца лелон магийра Нохчийчохь а, Удмуртехь а.
Оьрсийчохь, официалан терахьашца, пандеми йолаелчхьана коронавирус кхетта хааделла 4,5 миллион стаганна. Велла 100 эзар гергга вахархо. Демографин говзанчаша гайтина Iедало статистика лахъеш хиларан билгалонаш, цара чIагIдарехь, COVID-19 цамгарх лечу нехан барамаш дуккхаза а лакхара бу.