ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малышева Еленина арздина Роспотребнадзоре Нохчийчохь ковид эшийна аьллачул тIаьхьа


Телевиденехь могашаллах лаьцна программа лелочу Малышева Еленина Роспотребнадзоре арз хьажийна Пачхьалкхан Думехь компартех депутат волчу Рашкин Валерийс, цо Нохчийчохь COVID-19 эшийна хьал ду аьлла эфир йинчул тIаьхьа, хаам бо РБК-но.

Депутата доьху "Вахар ирс ду! " ("Жить здорово!") цIе йолчу программехь Малышевас медицинан масканаш лелоро уьнах болу кхерам лах ца бо алар зерашка диллар. Оцу сюжетехь Малышевас, кема Нохчийчу кхаьчча, боху: "Ирсан гIайре масканаш а йоцуш еха!"

Коьрта санитаран лоьран сацамца, масканаш лелор тIехь ду ерриг а Оьрсийчоьнан бахархошна, боху ша Роскомнадзоре динчу дIахьедарехь Рашкина. Депутатна хетарехь, "масканийн режим латтор цхьатерра ца тидаро, и режим кеп-кепара ларъяро хаъал дардо халкъ".

  • Чиллан-беттан 10-чохь Нохчийчохь юхадаьккхина масканаш лелорах долу омра. И сацам дIахьебира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Эпидемиологин ситуаци "дикачу агIор ерзарна" веара иза шен сацаме.
  • Нохчийчуьрчу официалах тешча, коронавирусах Iалашъяларца Оьрсийчоьнан регионашлахь хьалхарчех ю республика. Амма оцу юкъанна Росстато довзийтинчу терахьаша гойту Оьрсийчоьнан мехкашна юкъахь адамаш хьалхачул дукха даларца Нохчийчоь лидер хилар.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG