ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша Беларусан президентан дарже гIертар вац, аьлла хIирех волчу инарлас Караев Юрийс


Къилбаседа ХIирийчуьра схьаваьллачу Беларусан полицин инарла-лейтенанта Караев Юрийс шена ша ца го, аьлла, мехкан президентан даржехь. Оцу хьокъехь хоуьйту Беларусерчу Sputnik агенталло.

Караев президентан дарж караэца тарлуш кандидат ву элира хьалхо пачхьалкхан куьйгалхочо Лукашенко Александра. Амма ша инарлас иштаниг хуьлийла"дац, аьттехьа а дац" аьлла пIераскан дийнахь ша йинчу комментарехь.

"Цхьаъ делахь, со кхузахь вина вац, иза уггаре хьалхарниг ду, шолгIа делахь, урхаллехь вуно дукха зеделларг долуш хила веза, экономикехь, кхечу агIонашкахь. Сан корматалла готта харш долуш ю. Уггаре коьртаниг – иза масална аьлла ду. Аьлча а, дукха бу ишта нах махкахь. Иза деккъа дIа герга лаьтта нах хьахош аьлла ду, цIерш юхьарлеца оьшуш ца хета суна", - аьлла Караевс.

Стохка Беларусан протестан боламца доьзна гIаравелира Караев Юрий. Лукашенко президентан дарже юхахаржар шеконе диллинчу протестхошна дуьхьал бIаьргех хи доккху газ, гIараоьккхуьйту гранаташ, хитуху машенаш, резаьнкин даьндаргаш ехира цо куьйгалла дечу милицино. Эзарнашкахь лийцира нах, бIеннаш кхечира дарбан хIусамашка.

Бакъоларъярхойн информацица, изоляторшкахь Iазап даржийра, наханна тIе герзаш детта гIаланашка хьовсийра могIархойн духарахь ницкъаш.

Минскехь еха Караевн зуда а, воI Герман а, амма бералла даьхьина цо Къилбаседа ХIирийчохь, цигахь ю цуьнан нана а, йиша а, дуккха а накъостий а. Маршо Радионо алссам яздира Караев Юрийх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG