ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Косовон парламенто шайн пачхьалкхан президент къобалйина 38 шо долу Османи


Османи Вьоса
Османи Вьоса

Косовон президент хаьржина дахначу кIирандийнахь, Охан-беттан 4-чохь, 38 шо долу Османи Вьоса. 12- депутатах цуьнгахьа кхаьжнаш тесна 71.

Стохка Лахьан-баттахь дуьйна, цул хьалха президент лаьттинчо дарж охьадиллинчул тIахьа, президентан декхарш ханна кхочушдеш схьайогIура Османи. Тачи Хаами Гаагерчу кхело бехкевира тIеман зуламаш лелорна.

Косоверчу оппозицин партеша а, бакъоларъярхоша а емал дира Османи Вьоса президентан даржехь къобалъяр, хIунда аьлча, премьер-министр а, парламентан спикер а санна, иза а Косовон Демократин лига партин (либералаш-консерваторш) декъехь хиларна.

Оппоненташ тешна бу, Iедалан коьртехь цхьана партера нах хилар экамечу Косовон демократин системина пайден хир дац аьлла.

Reuters агенталло тидам бо, керлачу президентна дика евзаш хилар Малхбузен мехаллаш, цуна ца товш хилар гергарнаш даржашка хIиттор а, Косоверчу ламастан политикан партеш эвсара цахилар а гуш хилар.

Президент хIоьттинчул тIаьхьа шен дуьххьара дечу къамелехь Османис кхайкхам бина, Сербица диалог юхайолорах.
Иштта, цо дIахьедина Белградо Косовон бахархой къинтIера баха безаш хилар, 1998-1999-чу шерашкахь лелийначу тIеман зуламашна бехкеберш жоьпе озон безаш хиларх а.

Косовон ша Сербех йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийра 2008-чу шарахь Чиллан-беттан 17-чу дийнахь. Иза къобул йина 98 гергга пачхьалкхо. Ши миллион гергга нах беха Косовехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG