ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада": 29% Оьрсийчуьрчу бахархоша харцо лору Навальныйна дина таIзар


Навальный Алексей
Навальный Алексей

Навальный Алексей 2,5 шарна набахте хьажош кхелахоша бина сацам нийса бу аьлла 48 процент пачхьалкхан бахархоша.
Ткъа 29 проценто харцо лору. Кхин а 23 процент жоп дала ца хIоьттина.

Ишта ду "Левада-центро" (Оьрсийчохь "арахьара агент" лерина) бинчу талламан жамIаш.

Зазадокху-бутт бовш "Открытые медиа" хьостаца юкъахь вовшахтоьхнера центро шайн талламан хеттарш.
Динчу жамIашца а догIуш, кхел харцонца йина ю аьлла хета Москварчу а, яккхийчу гIаланашкахь а, ярташкахь а бехачу кегийчу нахана. 18-22 шераш долчу бахархошлахь кхелан сацамна реза боцучийн процент 50-не кхаьчна.

Кегийчу а, юккъерчу барамашкахь а йолчу гIаланашкара нах кхелах теша - суьдхойн вердикт нийса дара аьлла хетарш 52 проценте кхочу цигахь.

Оцу юкъанна, Навальный мел а сиха набахтера араваккха луурш 61 процент бу, кхелан сацам харц хетачарлахь.
Навальный чохь вита веза аьлла хетарш 8 процент бу "Левада-центран" зерашца.

Политологна Галямов Iаббазна хетарехь, дог лозучарлахь 29 процент хилар - Iаламат лакхара терахь ду. Цо лелочунна 20 процент бахархой бен реза цахиларе хьаьжча, къаьсттина лакхара ду и терахь.

Кремло масийттазза дIахьедира, Навальный Путин Владимирна кхераме оппонент ца хета шайна аьлла.

Доккхачу декъанна ВЦИОМ-о (Оьрсийчуьра юкъараллина хетарг толлу центр) бинчу талламна тIетуьйжура Iедалхой, ткъа церан зерашца Навальныйн рейтинг шина проценте а ца долура.

Навальныйна бехке дуьллуш ду Ив-Роше компанин 30 миллион сом ахча лачкъор. Прокуроро дехнера Навальный Алексейна -10, цуьнан вешина Олегана 8 шераш хаенаш тохар. Эххар а ши шой ах шой хан кхачийра Навальный Алексейна.

Навальныйна гIортор еш митингаш хIиттийра Оьрсийчоьнан дуккха а гIаланашкахь. Навальный Алексей Оьрсийчоьнан хир волу президент ву аьлла хета дуккха а нахана.

Зазадоккху-беттан 31-чохь шена тIе лор витар тIе а дожош, мацалла кхайкхира Навальныйс колонехь. Политико латкъамаш бо, шен букъехь лаьтта лазар когашка дирзина, наб яйна а ву ша бохуш. ФСИН-ан белхахоша дIахьедира, оьшуш мел долу лоьрийн гIо Навальныйна кхачош ду аьлла.

Зазадокху-беттан чакхенехь эзар сов Оьрисйчуьрчу медицинан белхахоша диллина кехат яздира, политикан тешам болу лоьраш цунна тIебитар тIедожош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG