ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урданан хиллачу верасан принца дIахьедина, ша лаьцна латтош ву аьлла


Принц бен Хьусайн Хьамза

Урданан паччахьан Iабдаллахь ШолгIачуьнан жимаха волчу вашас, верасан принц (хир волу паччахь) сийлахь ц1е лелийначу бен Хьусайн Хьамзас дIахьедина, Iедалша шен цIахь лаьцна латтош ву ша аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Оьрсийне сервисо. Бен Хьусайнан адвоката "Би-би-си" зорбан гIирсе дIаеллачу видео тIехь принца бехке бо мехкан куьйгалхой коррупци лелорна а, Iедал лело ца хаарна а, гIело ярна а.

Хьалхо зорбан гIирсашкахь хаамаш баьржира, Iедал карчо дагахь къайлаха барт барехь дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш пачхьалкхан масех лаккхара даржхо лаьцна аьлла.

Урданан эскаран штабийн хьаькамийн цхьаьнатоьхначу комитетан куьйгалхочо аль-Хунейти Юсеф Ахьмада харц дина принц Хьамза лаьцна бохург. Цуьнца цхьаьна оцу инарло билгалдаьккхина Урданан кхерамазаллах а, къепе латторах а хьакхалуш долу хIуманаш лелор сацор декхаре вина хилар паччахьан ваша.

"Петра" официалан хаамийн агенталло бинчу хаамца, "кхерамазалла бахьана долуш" махкахь масех Iедалхо лаьцна, шайна юкъахь шиъ лаккхара даржхо а волуш.

Ша Урданан паччахьан вашас харц до ша къайлаха барт бина хилла бохург. Цхьана а кепара низамца догIуш доцучунна юкъахьакхавелла вацара ша, аьлла цо.

Паччахьан доьзалан декъашхочо чIагIдарехь, принце дIахаийтина паччахьна критика еш къамелаш дарехь дакъалацар цунна вон тIаьхье йолуш доьрзур хиларх лаьцна. Принца Хьамзас дийцарехь, карарчу хенахь цунна дихкина ду цхьанха дIасавлар а, нахаца цхьаьнаветтавалар а.

Гергарчу Малхбалехь уггар тийна а, синтеме а йолчу пачхьалкхех цхьаъ лоруш ю Урданан-пачхьалкх. Оцу регионерчу пачхьалкхаша, шайна юкъахь Мисара а, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкх а йолуш, шаьш гIортор еш хилар хаийтина хIокху хIоьттинчу хьолехь паччахьна IабдуллахIна. Буьззинчу барамехь шаьш цунна тIехIиттина хиларх лаьцна дIахьедар дина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а. Оьрсийчохь йихкина йолчу "Исламан пачхьалкх" тобанна дуьхьало еш цхьаьнакъахьоьгуш ю Вашингтон а, Амман а. Америко шен коьрта партнёр лоруш ю Урданан-пачхьакх.

Принцан бен Хьусайн Хьамзин 41 шо ду. Верасан принц вара иза, 2004-чу шарахь IабдаллахI ШолгIачо и сийлахь цIе шен воккхаха волчу кIанте дIаяллалц.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG