ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марс тIехула тIемадала кечдина Ingenuity жима-беркема


 Ingenuity жима-беркема
Ingenuity жима-беркема

Американ аэронавтикехула а, космос талларехула а йолчу Къоман урхалло (NASA) Марс планетина тIе дIахьоттийна Ingenuity (Кхолладалар) цIе йолу жима-беркема, иза цунна тIехула тIемадаккха дагахь. Цунах лаьцна хаам бина NASA-но Твиттерехь, яздо "Американ аз" зорбан гIирсо.

ТIех яйн тIемайолу и аппарат тIекъевлина яра Чиллан-беттан 18-хь ЦIечу планетина тIе охьахаийначу Perseverance (Къарцадалар) олучу Марсана тIехула лелачу машенна (роверна).

Американ космосан агенталло Твиттерехь дIахIоттийначу сурта тIехьгуш ду Марс тIехулала лела машен беркеманна а, цуьнан "аэродромна" а уллера дехьа яьлла хилар, иза лаьтта охьадахийтинчул тIаьхьа.

ХIинццалц беркеманна ток лора роверо, ткъа хIинца цуьнан дезар ду шен аккумуляторх пайда эца ша дохдан, Марс тIехь хуьлучу шийлачу буьсаннашкахь электрикан экаме дакъош дохарах лардан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG