ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Висмурадовс схьаяьккхина машен, ткъа гIуданаш такхар спортхочунна тIехь ду


Емельяненко Александр
Емельяненко Александр

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана совгIатна еллачу "Мерседес" машенах ваьлла латархо Емельяненко Александр, "Ахмат" клубан куьйгалхочуьнца Висмурадов Абузайдаца хиллачу бертах эшначул тIаьхьа. Спортхочо дийцарехь, цуьнан машенахь хехкалучара тIехьерчон гIуданаш токхуш ву иза.

Карладоккху, стохка Чиллан-баттахь кест-кеста маларх кхетий, харцахьа леларца гIараваьллачу Оьрсийчоьнан ММА-н латархочо Емельяненко Александра дош делира Нохчийчуьрчу латархойн "Ахмат" клубан куьйгалхочунна Висмурадов Абузайдна дийнна шарахь маларх ца кхета. Нагахь санна, шен дош ца лардахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шена совгIатна елла "Мерседес" автомобил хьашлагIа йилллинера цо.

Нийса шо даьлча Емельяненкон дийзира ша юкъа йиллина машен Висмурадовна дIаяла, дийцина цо Sports порталана.

"Эхь-бехк доцуш дIаяьккхира цо (Висмурадовс) соьгара машен. Ван а веана: "Схьаял машен" аьлла. Сан цхьа а претензеш яц. Цо комаьрше а ваьлла, "Мерседес" юхаяларе хьоьжуш ву со. Цкъачунна сан цIартIехь ю машен. Иза хоьхкуш ю наха, ткъа цара дохийначу низамех гIуданаш такхар суна тIехь ду", - аьлла, билгалдаьккхина спортхочо.

Карладоккху, "МатчТВ" каналан продюсеро Канделаки Тинас шех лаьцна зорбане яьккхинчу артиклна шога жоп делира Емельяненкос стохка Зазадокху-баттахь. "Канделаки Тина оццул Iовдал ю аьлла цкъа а дагадеана дацара суна", - дIахьедира спортхочо, дIа а язйина, инстаграм-сторисехь зорбане яьккхинчу видео тIехь. – Сан боккха ларам бара цуьнга хIинццалц. Iовдал. Юьззина Iовдал ю".

"Стенна оьшу Кадыров Рамзанна Емельяненко Александр?" аьллачу публикацехь Канделакис яздора, спортхо "Оьрсийчоьнан ММА-н хала бер ду": "Цо къаьркъа мелар, цуьнан летар, ницкъбар..дийцина а вер вац цунгара юьйлучу ледарлонех. Амма суна сайна го, юкъ-кара Александр метта а вогIуш, "Ахматан" тобанехь нислуш".

Емельяненко оьшуш вац Кадыровна, боху Канделакис: "Ткъа Емельяненкона билггал оьшу Кадыров Рамзан!"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG