ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абу-Дабин элан цIарах урам схьабиллина Соьлжа-ГIалахь


Абу-Дабин элан, шейхан Мухьаммад бин Зайед Аль Нахайанан цIарх урам схьабиллина Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь Соьлжа-ГIалахь. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина цунах лаьцна хаам.

Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташца дIатасаеллачу доттагIаллин а, бартхойн а юкъаметтигех Нохчийчохь "Iаламат дозалла деш" хиларца боьзна цо шайн сацам. Шейхан Заедан Фондан гIоьнца республикехь яккхий инвестпроекташ ю кхочушъеш.

ХIинццалц Индустриальная цIе лелийначу урамна тиллина Мухьаммад бин Зайед Аль Нахайанан цIе. Урам схьабоьллуш хIотточу барамехь дакъа лаца Нохчийчу кхечира Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмиратийн Оьрсийчуьра векал Альджабер Мохьаммад Ахьмад. Нохчийчоьнна динчу гIуллакхашна аьлла, совгIат дира Альджаберна мехкан урхалхочо.

Дахначу шеран Чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедожийра Соьлж-ГIалин мэран декхарш кхочушдещ хиллачу Закриев ИбраьхIимна гIалин кIоштийн а, гIалин кепара эвлийн а цIераш хийцар. Кадыровн омрица Октябран, Старопромыслан, Ленинан, Заводан кIошташна тахка еза, цо ма аллара, "нохчийн халкъан сий долчу кIентийн" цIераш.

Кадыровн тIедилларца, Ленинан кIоштах Ахматан кIошт йина, Старопромыслан кIоштах – Висаитовн (Висаитов Мавлид – СССР-н турпалхо), Октябран кIоштах - Байсангуран (Бенойн Байсангур - 19-чу бIешарахь нохчийн тIеман хьалханча а, Имам Шемилан наиб а хилла ву), Заводан кIоштах – Шайх Мансуран(Мансур ву Къилбаседа Кавказан хилла имам).

Хаьлхо, "халкъан дехарца", КадыровгIар бехачу Хоси-юьртан цIе а хийцира "Ахмат-Юрт" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG