ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаа дуй, Оьрсийчоьнна дуьхьал лаьттинчийн цIерашца Нохчийчуьра кIошташ хийцар?


Кадыров Ахьмад а, цуьнан кIант Рамзан а

Соьлж-ГIаларчу кIоштийн цIераш хуьйцуш ю Кадыров Ахьмадан а, Висаитов Мовлидан а, Бенойн Байсангуран а, шейх Мансуран а цIераш а тохкуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инициативана тIетовш долийна хIума ду иза. Карара шо долалучу хенахь хьехнера цо Ленинскан а, Заводан а, Старопромыслан а, Октябран а кIоштийн цIераш хицар нохчийн турплахойн цIеращца. Таханалерачу Iедалхоша муха кхетадо- те "турпалалла" бохург? Стенца доьзна ду-те цIераш хийца дагадеанчу наха Оьрсийчоьнан импперина дуьхьал тIемаш бинчу нахе шайн ларам хилар лечкъа цадар - Байсангур а, шейх Мансур а?
Москвана цхьа кхайкхам бар ду-те иза? Я Кремлан пурбанца арадаьккхина гIуллакх ду, къастийра Кавказ.Реалиино.

Цкъа хьалха къастор вай ма-дарра, лакхахь хьахийна нохчийн къоман кIентий муха гоьбевлла бу а, церан сий деш а, уьш бицбалийта а тахана Нохчийчоьнан коьртехь болчу Iедалхоша дийриг а.

Шейх Мансур (Ушурма) Къилбаседа Кавказан дуьххьара имам лаьттина ву. 18-чу бIешерашкахь ламанхойн халкъан боламан куьйгалла дина ву иза. 1791-чу шарахь Анапа гIап дIалаьцначул тIахьа каравахара иза. Шен тIаьххьара денош текхна цо Шлиссельбурган гIопахь.

2020-чу шарахь цигарчу набахтехь хилира Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь, Кадыровн тIедилларца.
Лахьан-баттахь шатайпа дагалецира шейх Мансур Нохчийчохь: Куьршаларчу берийн центрерчу пена тIехь цуьнан сурт диллира Marvel комиксан турпалхойн метта.

Оцу юкъанна хьахон догIу, хьаькамаш реза бац Соьлж-ГIалин аэропорто 1990-чу шарера 2000-чу шерашка кхаччалц лелийна шейх Мансуран цIе юха а карлаяккха. 2000-чу шерашкахь шейх Мансуран цIарах техкина урамийн а, Соьлж-ГIалин коьртачу шахьарерчу майданан а, скверийн а цIераш а хийцира Iедалхоша.
19-чу бIешерашкахь гоьваьллера Бенойн Байсангур Кавказан тIамехь дакъалоцуш, имам Шемалан наиб вара иза.
Шемал каравахначул тIаьхьа а дуьхьало латтийра цо оьрсийн эскаршна.

2018-чу шеран Зазадокху-баттахь Ярык-су олучу эвлахь Байсангуран коша тIехь цуьнан безамна стела хIоттийра. Кадыровн тIедилларца, цуьнан сурт а карладаьккхира Куьршаларчу берийн цIийнехь пена тIехь дехкинчу Американ Капитанан а, Человек-паук олучу турпалхойн а суьртийн метта.
Висаитов Мовлад - ШолгIачу дуьненан а, Германина дуьхьал а хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна ву. Орденаш а яьхна, тIамера иза даймахка вирзича, шен гергара нах ца карийра цунна бухахь: 1944-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а махках баьхнера Сталин Иосифан омраца, "мостагIий" бу аьлла, цIе а кхоьллина.
Советан заманан Турпалхо вира цунах иза веллачул тIаьхьа, 1990-чу шарахь.

Кадыров Ахьмад - Нохчийчоьнан куьйгалхочун да ву. 1990-чу шерашкахь муфтий волчу цо Оьрсийчоьнна дуьхьал тIаме джихаде кхайкхира нохчийн бахархой. Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь Кремлехьа вирзира иза, цара хIоттийра иза Оьрсийчоьнан субъектан куьйгалле 2000-чу шарахь.

2004-чу шарахь Соьлж-ГIалахь динчу терактехь вийра иза. Тахана цуьнан цIарах иттанаш объекташ ю республикехь а, цул арахьа а, ю царлахь КадыровгIар схьабевлла эвла а.

Ткъа меттигерчу динан дайша иштта кхетаво, хIунда декхаре бу Нохчийчоьнан бахархой "Ахмат -сила" баха.

"Кадыров Ахьмад -турпалхо вац, - дIахьедо Кавказ.Реалиица динчу къамелахь бакъоларъярхочо Ахъядов Iийсас. - Шейх Мансур а, Висаитов Мовлади а, Бенойн Байсангур а - уьш турпалхой бу. Ткъа мила ву церан цIераш тахка лууш кIошташна? Уьш боьхкинарш, церан лаамаш а, идейш а, некъ а хийцинарш. Колонизаторех Iалашдина цара нохчийн къам. ХIорш тахана нохчийн къам декъа гIерта идеологин планехь.

Царна бIаьргаван ма ца веза шейх Мансур а, Бенойн Байсангур а, Висаитов Мовлади а. Сталинах дозалла муха до цара, нагахь санна, шаьш Висаитов лоруш белахь?
Чоьхьарчу гIуллакхийн министран кабинет чохь Сталинан бюст ма ю латтош".

Билггал, Алхановн белхан стоьла тIехь гайтира Москвара веанчу цхьана хьешана Советан Iедалан баьччан Сталин Иосифан бюст. Цецваьллачу корреспонденто хотту цуьнга: "Хьо нохчо ма ву, хьан стоьла тIехь хIара тайпаниг муха мегар ю?" Жоп лучу меттана хьаставаларца журналист маравуллу Алхановс.

"Шайн ма-хуьллу шаьш даздан гIерта уьш"

Берийн центрехь шейх Мансуран сурт диллар, амма цуьнан цIе дIаяйар шахьаран объекташкара. Нохчийн муфтийн Межиев Салахьан дуьххьарлера Къилбаседа Кавказан имам латтийначу набахте бIаьргтоха вахар, амма ца воьду иза Оьрсийчоьнан эскархошна дуьхьал тIом бина, тахана набахтешкахь латточаьрга хьажа.

Висаитов Мовладин ларам бар, иштта, шайн къоман кхоалгIа дакъа хIаллакдинчу Сталинах дозалла дар а. Байсангуран сийнна стела хIоттор а, Кадыров Ахьмад вазван гIертар а. ХIун гойту оцу масалша?

"КIоштийн а, урамийн а, яртийн а цIераш хийцар, Marvel комиксан турпалхой хийцар а цхьана Iалашонца деш ду - билггал къоман турпалхой болчу цаьрца цхьана могIарехь ша а, шен а да хьалхататтан лаам хиларца,- дуьйцу Кавказ.Реалиига оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. - Цхьа маниакалан лаам бу-кх и: ша а, шен да вазван гIертар, нахе шаьш турпалхой санна тIеэцийта хьийзаш. Шайн цIераш оцу леларшца тIаьхьарчу тIаьхьенна а яха йита гIерта уьш. Цундела берийн бошмашкахь а цхьана билггал болчу турпалхойн суьрташ дIаоьхкина цара, цаьрца цхьана Кадыров Ахьмадан суьрташ а цхьана. КIошташца лелориг а изза ду. Ленинан кIошт Ахматовн кIошт хир ю? Боккъал а оцу кепашца ша а, шен да а вазвалур ву, наха шаьш турпалхой санна тIеоьцур ду аьлла, билггал тешаш бу уьш".

Шейх Мансур а, Байсангур а турпалхой санна тIеэцар - нохчийн исторехь дуьхьало латтийна нах ларар ду-кх, делахь, билгалдоккху Ахъядов Iийсас. ХIетте а, таханалерачу Нохчийчохь дош аьлла, вистхила йиш яц маршонех, суверенитетех.
Iедална дуьхьал социалан машанашкахь дош аьлларг лачкъавой, дIавуьгий, нахана хьалха дIа а хIоттавой, сийсазво, шишана тIе хаавой, я аьллачух гечдар доьхуьйту видео дIаязъеш. Дайша неIалташ кхийкхадо шайн берашна, дийнна доьзалаш махках боху.

Цуьнга ладоьгIча, блогер тешна ву, Кадыровс а, цуьнан гоно а лелораш кепаш ю аьлла. Нохчийн къоман бакъболчу турпалхойн шаьш сий до моттийта хьийза уьш. Кремлан интересашкахь лелош хIума ду: Оьрсийчоьнан Iедална нохчий муьтIахь бан гIерташ.

Москвано мел дукха ахча дайъарх, нохчашна турпалхой ца хета цара кочабухку нах - Кадыров а, Даудов а, Делимханов а.
"Оьрсийчоьнан Iедал, шена Байсангур а, Шайх Ушарма а, кхиберш а ца безахь а, кийча ду озабезам бан, цхьацца меттигашна цIеран цIерш техкийта – оцу кепехь йо цо шен дуьхьало тахана бевллачу турпалхошна, нохчийн къам маршоне гIерташ къастаеллачу тIеман-политикан карарчу заманан историна дуьхьалоярхьама", - аьлла ю Ахъядовн позици.

Тамашен ду, Соьлж-ГIалин кIошташ цара билгалъяхар цIераш хийца дагахь, уьш ю Ичкерин Iедалхоша тоххара хийцина хилларш. Коьртачу шахьарна 1990-чу шарахь тиллинера Джохар цIе (Нохчийн Ичкерия Республикан хиллачу хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран цIе). ТIаьхьо Соьлж-ГIалин кхаа кIоштана техкира Ичкерин кхечу куьйгалхойн цIераш. Веллачул тIаьхьа Яндарбиев Зеламханан а, Масхадов Асланан а, Садулаев Iабдул-Хьалиман а.
***
Бхархошка хеттарш дан йолаеллера Соьлж-ГIалин мэри, шахьарна чуйогIу кIоштийн а, яртийн а цIераш хийцаран хьокъехь. Карарчу беттан 25-чу дийне кхаччалц дIахьош бара харжамаш. Бахархошлахь йоькъучу анкетица а догIуш, реза хилар хоьтту Ленинан кIоштах Ахматан кIошт ян, Старопромыслан кIоштах – Висаитовн (Висаитов Мавлид – СССР-н турпалхо), Октябран кIоштах - Байсангуран (Бенойн Байсангур - 19-чу бIешарахь нохчийн тIеман хьалханча а, Имам Шемилан наиб а хилла ву), Заводан кIоштах – Шайх Мансуран (Мансур ву Къилбаседа Кавказан хилла имам).


Комментареш

New Comments Available

Кадыровхоша лоьхуш ву, Москвахь акцехь омонхошца тийсавелла Джумаев Сайд-Мухьаммад. Шуна муха хета: хIун дан догIу жимчу стага?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG