ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Имамана гонахарчу къийсамаша гойту историн хаттарш хууш цахилар"


Деньер Генриха даьккхина имаман Шамилан портрет, 1859

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:50 0:00
Линкана тIе

20 шо хьалха хиллачу хиламех лаьцна дуьйцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун интервью цIеххьана тоьхна стигал къовкъар санна гIовгIане хилира, цо цхьана могIаре хIотторна Кебедов Багауддина куьйгалло дон Дагестанерчу тIемалоша а, 1840-1859 шерашкахь Имам Шемила Нохчийчохь а лелийнарг.

"Оха лору Шамил динда санна, амма хаа лаам бу, Нохчийчохь ша волуш 19 бIешарахь Оьрсийчоьнца тIом хIунда бира цо, Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а хIаллакдайта питана тосуш, ткъа Дагестане юхавирзича 4 бутт баьлча Оьрсийчоьнна йийсаре а вахана дворянин а хуьлуш? Нохчийчоьнна а, нохчийн халкъана а дуьхьал террор яцахь хIун ю иза, кхеташ лелийна ялахь а, яцахь а? Я шалха стандарташ гучуевллера 19-чу бIешарахь?", - дIахьедар дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Цунна гIортор йира нохчийн парламентан гIантдас Даудов Мохьмада. Цо шен инстаграмерчу агIонехь, Шамилан сурт а хIоттийна, далийра суьйлин поэто Гамзатов Расула имам Ингалсан шпион хилла, бохуш язйинчу байтан дакъа.

Дагестанера социалан машанех пайдаэцархой цу хеннахь шайн аватараш хийцабуьйлабелира имаман Шамилан портреташца. Социалан машанийн каналаш а, агоIнаш а юьзира вочу агIор чулацам болчу комментарийн тулгIенах.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатан гIоьнчо Чанкалаев Булача яздира, имам Шамил бехке вар "сонталла а, цхьа а доцург а ду" аьлла.

Кадыровс имамо Шамила лейлийначун цу тайпа мах хадорна ша реза ца хилар хаийтира Дагестанан муфтиято а.

"Тхо кхеташ дац цу тайпачу къамелаца имам Шамил хIунда вийцина, цо 200 шо хьалха Оьрсийчоьнах дIакхета луучу нохчийн аьтто бохийна хилла бохуш? Нохчийчоьнан куьйгалхо ала гIертарг имаман Шамилан IиндагIо 90-чу шерашкахь цуьнан халкъ шина тIаме гIаттийнера бохург ду Оьрсийчоьнна дуьхьал?", - аьлла ду Дагестанан Динан урхаллан дIахьедарехь.

Де-буьйса далале Кадыров дIанисдан гIоьртира хIоьттина хьал, шегара интервью эцначу журналисто харцхьа тидинера ша аьлларг бохуш. ДIанисйина верси фейсбукехь дIахIоттийра Дагестанерчу жигархочо Халилов Мавлудина.

Кхечу шен къамелехь Кадыров кхето гIоьртира Шамилах лаьцна шена хетарг. Иза шех тешийта гIертара иамамах шен вон ойла хилехь а, бакъдолуш, ша шен ойла йовзуьйтур яцара, иза турпалхо лоруш болу дагестанхой ша лоруш хиларна, бохуш.

Дагестанерчу историко Доного Хаьж-Мурда дуьйцу, имам шен хенахь хьалхелело къонаха вара бохуш.

"Иза вара Кавказехь цу хенахь ша-тайпа пачхьалкх кхоьллинарг ДаьргIа, ткъа цул тIаьхьа Ведана коьрта меттиг а йолуш. Адамийн дахар нисдарехь иза кхузаманахьлера а, имамна а, имаматана а гонах йолучаьрца юьстича, хьалхаяьлла йоьду а пачхьалкх яра. Цо йинчу реформаша аьто бира ломара юкъараллаш цхьаьнатоха, Кавказан юкъара кхетам кхио, пачхьалкхалла а, къепе а, бакъо а чIагIъян. Ма дарра аьлча, иза вара пачхьалкхан ойла яр долу стаг", - билгалдоккху Доногос.

"Коммунист", "Туркойчоьно хӀоттийнарг", "инаглсхойн шпион"...

Тахнаева ПатIимат Оьрсийчоьнан Iилманан академин Малхабале Iаморан институтан лаккхара Iилманан белхахо ю. Цо дийцарехь, имаман Шамилна маситта цIе тиллина кху тIаьхьарчу 80 шарахь. Царах ю "къоман маршонан баьчча" а, "колонина дуьхьал боламан куьйгалхо" а.

Маркс Карла Шамил "коммунист" ву аьллера, цул тIаьхьа иза хилира Туркойчоьно хIоттийнарг", Инагалсан шпион".

ШолгIа Дуьненан тIом боьдуш Шамилан цIарх пайда ийцира нацисташа а, Советан Iедалша а, экаме къоман синхаамца а, Даймахке безам хиларца а, Нохчийчуьра а, Дагестанера а ламанхой къонахалла йолуш хиларца а ловзуш. Историк тешна ю имам йийсаре лаьцначул тIаьхьа хиллачу къийсамаша гойтург ду бакъдерг къастош историн хаттарш хууш цахиларх.

Советан Пачхьалкхан а, Оьрсийчоьнан а историн хаамийн Ӏилмано маситтоза хийцира имамах а, 19-чу бIешарерчу къоман маршонан болламах а йолу ойла. Историкаш имамах цкъа турпалхо вора, юха Британин а, Туркойчоьнан а агент вора.

Ша йозуш йоцу пачхьалкх хилар дIакхайкхийначу Ичкерехь имаман Шамилан сий деш почтин марканаш арахецнера, цуьнан сурт дара къоман валютана тIехь. Шамил вина 200 шо кхачар вуно шуьйра даздира Веданахь. Цуьнан цIерш техкинера Соьлж-ГIаларчу урамашна а, майданашна а, президенто Дудаев ЖовхIара Шамилна хIоттийна монумент схьайиллира Закаталахь (Азербайджан), иштта дIа кхин а.

Нохчийчуьрчу лаккхарчу доьшийлерчу хьехархочунна Б. Биболтана хетарехь, таханлерчу республикерчу куьйгалхошна оьшуш яц историн персонажаш, шайн цIершца Кадыров Ахмат а, цуьнан кIант Рамзан а санна фигураш дIахьулъян таро йолу.

Цо тидам тIебохуьйту, Нохчийчуьрчу Iедалшна дагтIера воьжна хиларна кхин цхьа цӀе яхна турпалхо – шайх Мансур (Ушурма).

Республикехь карарчу хенахь долчу Iедалша цуьнан цIе ца тиллина цхьана а Соьлж-ГIаларчу урамна. Цара юхацаерзийна 1990-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикан Лаккхарчу Кхеташоно Соьлж-ГIаларчу аэропортана тиллина шайхан Мансуран цIе.

Iедалан а, динан а коьртехь болчу Нохчийчуьрчу хьаькамашна кест-кеста ло "академик", "профессор" цIераш. Уьш мел лараме, йогIуш ю?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG