ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Изза леладо тахана церан тIаьхьено". НКВД-н хиллачу белхахойх Нохчийчохь турпалхой стенна бо?


Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Алаудинов Апти а, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а
Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Алаудинов Апти а, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а

Дахначу бIешерийн юккъехь Советан Iедало хьизийначу шен дайх хьахийра дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Грозный" телехьожийлан сюжетехь цо дийцира, шен деден вежаршна тIаьхьабовларх, ткъа царех Сулим цIе ерг набахте а хьажийнера, бусулба дин Iамош хиларна аьлла.

Оцу юкъанна, дуьйцуш лаьтташехь Кадыровс тоьшалле кхойкху мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, цо а тIечIагIдо. Министран деда Халкъан чоьхьарчу гIуллакхийн комиссариатехь (НКВД) гIуллакх кхочушдина ву.

Масех шо хьалха, Соьлж-ГIалара шен белхан кабинет чохь Оьрсийчоьнан телеканалан журналистана гойту Алхановс, Ерригоьрсийчоьнан къаьстина комиссин (ВЧК) куьйгалхочун Дзержинский Феликсан борзан варкъ диллина бюст.

Министро дуьйцу, ша балха тIехь кхуьучу заманчохь цхьана кабинетчуьра вукху белхан меттиге шеца цуьнан бюст лелийна хиларх.

Цул совнах, Алхановн белхан стоьла тIехь го Москварчу хьешана Советан Iедалан баьччан Сталин Иосифан бюст а. Цецваьллачу корреспонденто хотту цуьнга: "Хьо нохчо ма ву, хьан стоьла тIехь хIара тайпаниг муха мегар ю?" Жоп лучу меттана хьаставаларца журналист маравуллу Алхановс.

Ткъа хIинца, Алхановн биографех Кадыровс ма-дарра дийцарца, кхеташ ду, 1944-чу шарахь Юккъерчу Ази нохчий махкахбаьхначу нахе стенна бу цуьнан сил чIогIа безам

Ала догIу, дуьххьара дац Кадыровс шен гергарчу нехан халачу кхолламех дуьйцуш. Хетарехь, кхачам боллуш шегахь тахана долчу хьолах воккхавен новкъарло йо цунна оцу темано.

Схьахетарехь, дерриг а дика ду, Оьрсийчоьнан Федерацин субъектан куьйгалхочун оьшуш мел дерг ду - Iедал, ахча, фонтанаш а, акхарой а кертахь йолу яккхий гIишлош, шен куьйгакIел болчийн ларам, цунна резаболу, тешаме бахархой, цхьа кIеззиг "тилла нах" юкъара баьхча.

Республикехь а, цул арахьа а пайда мел хуьлучу даржашкахь дIатарбина бу цуьнан дуккха а, дуккха а гергарнаш, доттагIий, цхьана дешнарш, юьртахой. Делахь а, ницкъ бац зама юха а ялийна, Iедало ницкъбинчу шен нахана таханалерачу дийнан токхо яла.

Хила тарло цундела Кадыров оьгIаз а оьхуш, латкъамаш беш, ма-дарра аьлча, ша шега. Муха, сан гергара нах маьрша баха а, дин лело а лаарна бала хьегна бу, ткъа цхьаболчийн гергара нах, цуьнан накъостийн цIийнах берш а, даим а буьзна а, тIехь-когахь долуш а, йовхачу кабинеташ чохь хевшина Iийна бу.


Билгалдаккхар: Алханов Руслан вина Нохч-ГIалгIайн Республикерчу ЦIонтрахь 1962-чу шарахь. Географин факультет чекхъяьккхина цо, цул тIаьхьа ОМОН-е хIоьттина. 1990-чу шарахь республикел а арахьа вара иза, Дудаев ДжовхIаран куьйгакIел йоцучу Оьрсийчуьрчу "Нохчийчоьнан МВД" олучу структурехь болх беш. 1999-чу шарахь муфтийн, тIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоттийначу Кадыров Ахьмадан (Кадыров Рамзанан да) хадархойн куьйгалле веара иза. 2004-чу шеран юьххьехь МВД-н гIовс хIоттийра иза. Дукха хан ялале чоьхьарчу гIуллакхийн министр хилира цунах. Тахана а цуьнан урхаллехь ву иза. "Дождь" телеканалан информацица, Алхановн хIусамнана Тамара Борисовна (ГIалгIайчоьнан экс- президентан бахарехь, гIалгIа ю иза) Москвахь ехаш ю аьлла, дIаязйина ю. Цуьнан а, церан кхаа кIентан а долахь ю "Ближняя дача" олучу элитан нах бехачу комплексера ши петар.

НКВД-н а, цунах терачу кхечу органашкахь а белхаш бина гергарнаш болуш цхьа министр Алханов хилла ца Iа. Яхначу заманахь а хилла нохчашлахь оцу тайпа, нагахь санна, шайн карахь герз хилча, шаьш лаьттан дай хетта нах.

Маршо Радиона 2015-чу шарахь еллачу интервьюхь халкъан артист йолчу Багалова Зулайс дагалоьцура, ша кхиазхо йолчу хенахь шена йийцина цхьа истори: "ТIеман шерашкахь дара и (1941-1945-чу шерашкахь хилла Сийлахь Даймехкан тIом". Вайн махка тIом кхочучу заманчохь набахтешкахь латтош зударий а цхьана хиллера. Суна дийцира, цхьана хьолечу доьзалерчу шина зудаберана тIехь нохчийн милцоша лелийначу гIелонех. Суна диц ца ло иза. Цхьа гIеметтахIоьттина зуда а хиллера оцу набахтехь, иза бехкейинера, цуьнан кIант немцошца уьйрашкахь хилла ву аьлла. Шен кIентан кIантаца цхьана лаьцна хиллера иза. Цхьана дийнахь хийистехь (хила тарло и хи, НКВД хиллачу меттигехь охьадогIуш хилла Сунжа) тоьпаш тоьхна хиллера оцу зудчунна а, берана а. НКВД-хь болх беш хиллачу нохчаша динера иза. Церан тIаьхьено а лелош хир ду-кх тахана изза. Цуьнан ойла йо ас", - дагалоьцура Багаловас.

Бакъду, масех шо хьалха тешар а вацара, цхьана нохчочо дозалла дийр ду НКВД-хь болх бинчу шен дайх аьлла, боху Кавказ.Реалиига Веданарчу хьехархочо Дадаева Санета (цуьнан дехарца цIе хийцина).
Оцу эвлара вара 30-чу шерашкахь Нохчийчохь уггар а гоьваьлла хилла чексит Ушаев Мазлак. Шен куьйгашца кхел йоцуш иттаннашкахь нах байъина ву иза.

"Со цкъа а кхетар яц, дай-наной Сталина махкахь баьхначу, жимма а кхетамчохь волчу стага тахана, мохь тоьхна дозалла муха дийр ду, шен дай НКВД-н могIаршкахь хилла бу бохуш! Цхьана агIор неIалташ кхийкхадо вай Сталинна, оцу юккъехула дозаллаш до, цуьнан заманахь нах бойъуш леллачу шайн дайх. Дохкобовларан, юьхьIаьржа хуьлучу меттана, царех турпалхой беш бу цара. Таханалерачу вайн адамийн кортошкахь деккъа цхьа кегари ду-кх", - боху хьехархочо.

- ХIунда хуьлу-те тахана хIара саннарг? НКВД-н а, Советан заманахь хилла милцой а базбеш, Нохчийчохь стенна хIиттош бу суьртийн гайтамаш, стенна хестабо уьш телехьожийлехь?

(Цунах лаьцна хаьттира Кавказ.Реалиино журналисте, "Эхо Кавказа" проектан белхахочуьнга Дубнов Вадиме. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь цигахь болх бина а ву иза).

- Кхузахь ши верси ю сан. Цхьаъ дика ю, шолгIаниг вон. Вониг ю, ас дукха хан ю цуьнан тидам бина, цу кепарчу структурашкахь белхаш бинчу нахе цхьа чIогIа гамо яц нохчийн. Иза доьзна хила тарло тIамо нах оцу хьоле кхачийна хиларца - муьлхха а кеп, дика-вон, хилларг-лелларг ца къестош, балех хьалхавоккхуш хилчхьана мегаш. НКВД, КГБ, ФСБ, иштта кхидIа а - уьш белхан меттигаш, ницкъаллин хьукматаш бен ца хеташ, церан ма-дарра долу маьIна юьстах а дуьтуш, гIеххьачул цигахь болхбар дозалла а хеташ.

- Ткъа дика верси муьлха ю?

- Суна хетарехь, диканиг ю, уш дукха тIехь ловзабовларца, жимма аьшпаш битта буьйлабаларца йоьзнарг. ХIунда аьлча, Кадыровн оцу кепара лелош йолу шалхалла цкъа мацца яьлла а гучуяла езаш ма яра.
Цхьа иштта синдром ю-кх хIара Чиллан-беттан 23-гIа де (нохчий махках баьхна де ду Чиллан-беттан 23-гIа). Цунна хIун дийр ду? Оцу хаттарна даим а цхьа жоп дала декхар ма вара Кадыров. Гуттар а цунна карош дара цхьа паллиативан (цхьана ханна, йа жимма а оцу халачу ситуацера цунна вала некъ буьту хьал- ред.) жоп - цхьа партал, тамашийна, ца тешон, амма жоп. Гуш дар-кх, паллиативаш цо лоьхий.
Оцу шалхаллица дерг листина бевлла уьш. Цара сацам бина, оцу пачхьалкхна тешаме хилар, сийлахьчу монстран идеалашна тешаме хилар коьрта ду, халкъана хетачул а, историн иэсан системел а аьлла. И дерриге а суна инзаре хета, иза хIаллак ца вахь а, цуьнан позицеш чIогIа талхор ю цо. ХIунда аьлча, мел хIуъа а дийцахь а, нохчашна коьрта ду иза.

Оцу хаттарехь нохчийн Iедалхоша шайна хеттарг чекхдаьккхина, Москваца бертахь кхин дIа а оцу некъаца дIагIертар болуш бу уьш.
И некъ мел инзаре белахь а, цо дегайовхо юьту, цхьана хенахь уьш кхетар бу аьлла.

***
"Кадыровс неIалташ кхийкхадо Сталинна, амма хIумма а цул тIаьхьа вуьссуш вац" аьлла, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь, Нохчийчохь нах лецарх, царна тIехь Iазап латторах даржочу IADAT телеграм-каналан авторша. Кадыровн режимна дуьхьал шайна хетарг диллина дIаолуш болчу нахана даймахкахь кхерам лаьттина ца Iаш, дозанал арахьа а бу. Кадыровн методаш гучуйохуш, дукха хан йоццуш даьржина дийцинчух ду меттигерчу 19 шо долчу Тепсуркаев Салманна тIехь лелийнарг.

Кху шеран Гезгамашин-беттан юьххьехь Iораяьккхинчу видео тIехь, Iедалхошна критика ярна шена къинтIера довлар а доьхий, шишана тIе хуу жимстаг. ХIетахь дуьйна шен цIийнах кхетта вац иза, цуьнан нахана ца хаьа, иза стенгахь ву а, йа дийна вуй а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG