ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу муфтиято бакъо елла меттигерчу яхархочунна шен бераш ган, амма мукъаденошкахь


Сосуркаева Лиана шен берашца
Сосуркаева Лиана шен берашца

33 шо долчу Сосуркаева Лианин бераш дехошца дуьтуш, мукъаденошкахь бен нанна тIе а ца бохуьйтуш, сацам бина Нохчийчуьрчу шарIан кхело. Нохчийн Iадаташна тIетевжина ша аьлла мехкан муфтийс Межиев Салахьа, хьесап дечу хенахь.

Шоьтан а, кIиранан а деношна бераш, нагахь санна, царна лаахь, нана йолчу дахийта чIагIо йина Лианин хиллачу марвашас.
Иштта, цо тIедожийна Сосуркаевана, бархI шо долчу Рахьманан а, исс шо долчу Ясминин а кехаташ шега схьадалар. Регионера цо уьш арадохург цахиларан гаранти еза шена аьлла цо.

ЦIа цуьнан дола юхадерзош документаш гергарчу хенахь кечдийр ду ша аьлла цо, хаам бина Кавказ.Реалиига Сосуркаеван гIуллакх лелочу "Правовая инициатива" организацино.

2010-чу шарахь Сосуркаевас Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцина ма хиллара, иза марехь хилла Ахмадов Сайд-Эмехь. Иза ехаш хилла Ставрополехь, хIусамдас эцначу петарехь. 2014-чу шарахь цуьнан майра велла, ткъа хIусамден вашас Ахмадов Сайд-Салахьа йохкийтина цуьнга и хIусам. Петарх делла ахча дIадаьхьна оцу стага, ша Соьлж-ГIалахь тIера да велла бисинчу доьзална цIа дийр ду аьлла. ЦIа баккъалла а дина, амма кестта Лианина хиъна иза шен хиллачу майрчуьнан гергарчу зудчун цIартIе дIаяздина хиларх лаьцна.

Кхин а 8 бутт баьлча АхмадовгIара, хьошалгIа дуьга аьлла, Итум-Кхаьлла дигна ши бер. Лианин аьтто ца баьлла гIаларчу хIусамна чуяха – догIанаш хийцина хилла, ткъа Сайд-Салахьа телефонехула аьлла цуьнга, Ясмина а, Рахьман а ша волчехь Iийр ду аьлла.

Берийн ден гергарчара бехке йора Сосуркаева "эладита" даржорна. "Сосуркаевас чIагIдо сан вашас Ахмадовс шена пайда хиларе сатуьйсуш шегара кIант а, йоI а даьккхина бохуш. И хаамаш бакъ долчуьнца богIуш бац, сан вежарий сийсаз беш бу уьш", - дIахьедар дира Ахмадова Iайшата 2020-чу шарахь.

Цу юкъанна, "Правовая инициатива" проекто хаам барехь, Сосуркаева - ша цхьаъ ю берийн верас. Цо дуккхазза а дехарш дина Нохчийчохь полице а, Талламан комитете а, прокуратуре а, кIоштан верасалле а, амма Iедалхоша тергал ца до бераш нуьцкъаша девешин доьзалехь латтош хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG