ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЛартIахь а дац, эрчо а ю". "Idel.Реалии" проектан журналистан кхел хир ю Чебоксарашкахь


Комарова Дарья
Комарова Дарья

Чебоксарашкахь кхеле хIоттийна "Idel.Реалии" сервисан журналист Комарова Дарья. Иза бехкейо Iедалхошкара пурба доцуш хIоттийначу акцехь дакъалацарна а, цигахь долчух редакцин тIедилларца, хаамашкахь даржорна а.

Радио Маршо/Радио Маьрша Европа медиакорпорацин (РСЕ/РС) проектан журналистна Комарова Дарьина Зазадокху-баттахь протоколаш караделира, Дечкен-беттан 23-чохь а, 31-чохь а дIаяьхьначу акцешкахь дакъалацарца административан бакъо талхийна аьлла. ТIаьхьо кхин а цхьа протокол яздира цуьнан хьокъехь, 2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь Iедалхошкара бакъо йоцуш хIоттийначу митингехь дакъалацарна. Чебоксарашкарчу Ленинскан кIоштан кхелехь Охан-беттан 7-чохь дIахьур ю суьдхойн хьалхара кхеташо.

Билгалъяьхначу акцешкахь хилла ю Комарова Дарья, редакцин тIедилларш кхочушдеш.

Кху шеран Дечкен-беттан 23-чохь Чебоксарашкахь дIаяьхьна протестан акци Чувашин кху заманан исторехь уггар а йоккхачех яра. Оцу гуламашкахь журналисто йиллина трансляцеш дIакхийхьира.

"Журналистика - зулам дац, - аьлла Радио Маршо/Радио Маьрша Европа медиакорпорацин президенто Флай Джеймис, журналистна тIехIуттуш.

"ЛартIахь доцург а, эрчо а ю Оьрсийчоьнан Iелалхоша, шен декхарш кхочушдина, меттигерчу керлачу хаамех дийцина журналист кхеле хIоттор. Кремло жигараллица хьоьху халкъана, муьлхачу хаамийн гIирсашка хьовса а, ладогIа а мегар ду. Журналистика- зулам дац", - аьлла Флай Джеймис шен дIахьедарехь.

Зазадокху-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн сенаторийн тобано емал йира Кремль, "дешан маршо пачхьалкхо хьашарна", масална далийра Радио Маршо/Радио Маьрша Европа медиакорпорацина беш болу тIеIаткъам, "арахьарчу агентех" лаьтта низам дохийна бохуш. Демократаша а, республиканхоша а динчу дхьахьедарехь - дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу Сенатан комитетан декъашхоша- билгалдоккху, "арахьарчу агентех" юкъадаьккхинчу низамах пайдаоьцу корпорацин проекташ дIалакъон Iалашонца аьлла.

Шо карадеача Американ векалийн Палатан депутатийн тобано дехар дира пачхьалкхан президенте Байден Джога, Оьрсийчоьнан Iедалхоша РСЕ/РС Радион журналисташна туьйсучу кхерамашна дуьхьал жоп лахьара аьлла.

Иттаннашкахь штаташкахь белхахой а, бIе штатехь воцчу корреспондентех лаьтта маша а болуш, Оьрсийчохь белхаш беш ю оьрсийн маттахь шен контент арахоьцу РСЕ/РС Радион проекташ, шайлахь "Idel.Реалии" а, ишта гIажарийн-башкирхойн редакци а йолуш.

"Idel.Реалии" а, РСЕ/РС Радион кхийолу проекташ а, шайлахь Настоящее Время телеканал а йолуш, "арахьарчу агентийн" тептаре язйина ю 2017-чу шеран чакхенехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG