ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь доьдучу ловзаргахь герз кхийсина йоI карийна


ХIаваэ герз деттачу йоIах лаьцна социалан машанашкахь яьржинчу видео тIехь ерг Гуьмса кIоштара 27 шо долу Х. Арван хилла. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бина цунах лаьцна хаам.

ЙоIан хьокъехь административан протокол хIоттийна, схьаяьккхина цуьнгара тапча а. Билгалдаьлла, патармаш даьса хилар а.

"Гуьмсан кIоштан прокуроро Асабаев Идриса къамел дина йоIаца а, цуьнан ненаца а", - хаам бина Нохчийчуьрчу прокуратуран пресс-гIуллаккхоша.

Машаре суьде дIакхачийна цуьнан хьокъехь вовшахтоьхна материал. 40 эзар соьмера 50 эзар соьме гергга гIуда тIедожо хьесап ду йоIана.

Маршо Радионо яздира дахначу шинарин дийнахь, нахана юкъахь герз детташ социалан машанашкахь яржийначу видео тIера йоI лоьху Нохчийчуьрчу прокуратуро, аьлла.

2019-чу шарахь хIаваэ герз диттинчу Къилбаседа ХIирийчуьрчу блогерна Джикаева Маликина 40 эзар сом гIуда тIедожийра. Герз кхуьйсучу йоIах яьккхина видео социалан машанашкахь яржийнера.

Карладоккху, 2015-чу шарахь полисхо Дадуев Рамзан а, мехкдаьттана хадечу полкан бIахо Магомадов ЖовхIар а балхара дIаваьккхира Нохчийчохь, цара ловзаргахь самукъаненна герзаш кхийсина аьлла. Теркйистан кIоштан полицин декъера волу хьалхарниг нахала ваьккхинарг ю ловзаргахь йина видео. ШолгIаниг ирх герз кхуьйсуш хаавеллера Гуьмсан кIоштахь ловзаргахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG