ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ца теша": Оьрсийчоьнан эскаршна хьашт бац гIалгIай а, нохчий а?


Военный парад, посвященный 74-й годовщине Победы, в Грозном
Военный парад, посвященный 74-й годовщине Победы, в Грозном

Москварчу тIеман коьрта комиссара Шепилов Виктора шен куьйга кIелхьарчу комиссарашка ма-хуьллу лахде ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а кегийранаш экаре кхайкхар аьлла дина омра халахетарца тIеэцна шина а республикехь. Документо гIалгIай, нохчий Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъашка цаэцар дузу "оцу лакхахь хьахийначу къаьмнийн векалшка тIеман кечам вовшахтуху а, чIагIбен а процессна тIеIаткъамбар" магийта йиш яцарца.

"Къилбаседа Кавказера схьабевлла нах 2021-чу шеран бIаьста Оьрсийчоьнан Федерацин эскаре бигар минимуме дерзо" йолчу Iалашонах лаьцна ду кехат. "Лакхахь хьахийначу къаьмнийн векалш хиллане а цахилар ду дика", - боху документо. Дуьззина кхеташ дац, беккъа цхьа гIалгIай, нохчий бу буьйцурш, я массо а Къилбаседа Кавказера кегийнах.

Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашна тIехьожучу Векала Нухажиев Нурдис дIахьедина, Шепиловн омра ца догIу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан къаьмнашца йолчу политикаца, "и санна долчу адамашна хьакъ дац Iедалан урхаллашкахь болх бан, тIеман министраллехь муххале а", аьлла.

Цо бахарехь, цуьнан аппарат официалан дIахьедар хьажо дагахь ю Инарла прокуроре а, Оьрсийчоьнан тIеман министре а. Шена и документ дуйла "Оьрсийчуьрчу салтийн нанойн комитетан" Ярославлерчу регионан декъан куьйгалхочуьнгара Термер Аннигара хиина, билгалдаьккхина Нохчийчуьрчу омбудсмено.

Ткъа гIалгIайн хаамийн гIирсаша, республикан Iедалерчу хьасташна тIе а тевжаш, даржийна, Шепиловс бакъ ца до оцу кехата бухара куьг шениг хилар, аьлла. Дицарехь, и къамел цо дина ГIалгIайчоьнан тIеман комиссариатан векалца. Оьрсийчуьрчу цхьаболчу хаамийн гIирсаша хоуьйту Инарла прокуратура фейк кхоьллинарш лохуш хиларх.

Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс Евкуров Юнус-Бек
Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс Евкуров Юнус-Бек

Делахь а, Москван тIеман комиссара ца дина прессехула официалехь дIахьедар. Цул сов, Шепилов Виктора Къилбаседа Кавказера нах эскаре ма эца аьлла яздина бохучу кехатна буха диллина куьг вуно тера ду цо кхечу документа буха ядинчух – масала, "Москва гIалин тIеман комиссариатан а, Москва гIалин адамийн бакъонаш тергалъечу Векалан Потяева Татьянин а юкъаметтигех болу барт", 2019-гIа шо, Мангал-беттан 14-гIа де.

Кхета хала ду, стенна эшна оцу кепара харц документ даржо, нагахь санна иза фейк елахь. Тидаме эца деза, иза доцуш а Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра кегийнах, церан дукхалле хьажча, эскаре вуно кIезиг буьгийла массарна а хууш хилар.

Нохчийчуьра кегийнаш гурахь бен ца буьгу эскаре, 500 стаг хуьлу вуьгург а. Ткъа ваха хан а, хьелаш а долуш хуьлу республикехь 80 эзар. ГIалгIайчуьра стохка бIаьста эскаре кегийнах буьгучу муьрехь хьажийра тIемалойн гIуллакх кхочушдан 200 стаг, махкахь эскаре воьду хан йолуш 12 эзар гергга хиллехь а.

Эскаре алсамо буьгу кегийнаш Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашкара. Масала, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, хIоранхьара, эскаре гIуллакхдан воьду хIора шарахь 1000-1500 жимастаг.

Кегийнаш эскаре бигар лахдалар инарлаша дузу Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш контрактан кепе берзар. ТIеман министра Шойгу Сергейс стохка далийначу терахьашца, Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъашка буьгучу нехан барам 225 эзарна лахбелла, ткъа контрактхой кхиина 405 эзарне хьалакхоччуш.

Делахь а Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш цхьана декъанна контрактан кепе бовларо ца гойту стенна ца буьгу, кхечу регионашкара а санна, эскаре Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а кегийнах. Масала, луларчу Ставропол-махкара хIора шарахь эскаре гIуллакх дан вуьгуш ву 6000 гергга стаг – аьлча а, Нохчийчуьрачул шийттазза дукха.

Оцу хьелашкахь шатайпа ду Дагестанан масал. 2020-чу шеран бIаьста республикера эскаре вийхира ТIеман министралло 4200 жимха. Лурчахчул 1200 сов дара и терахь. Оццул дукха кегийнах эскаре кхайкхар тамаше дара, итт шо хьалха и барам бIеннашкахь бен хуьлуш боцчу, наггахь эскархой оьшшучул хьовсо а аьтто болуш хилла йоцчу республиканна.

Кегийрхой Эскаре буьгуш
Кегийрхой Эскаре буьгуш

Цхьана декъанна Дагестанера эскаре буьгурш совбахар дозаделла хила тарло махкахь Iедална дуьхьаллаьттачу тIемалойн болам лагIбаларца. 2010-чу шарахь Дагестанерчу конфликташа бохьучу бохамах шайнна зедаьлла стаг 700 хиллехь (шина а агIор байъинарш а, лазийнарш а), 2019-чу шарахь бацара уьш 10 стаг бен.

Бакъду, иштта лахделла гойту и тайпа терахьаш Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. ТIемалойн карах беллачу нехан барамаш хаъал кIезиг бу шинхьа а. Амма кегийнах эскаре бигар сацийна ала тарлуш ду. Хьалакхиина чкъор эскаре даха лууш хилар билгалдолу нохчашлахь а, гIалгIашлахь а – белхазалла лаккхара йолчу шина махкахь хиндерг мукъа а гIолехьа хир ду шайн аьлла хета кегийрхошна, эскарехь гIуллакх дина бевлча.

ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а кегийрхой эскаре гIуллакх дан бигар лахарчу барамашкахь латтор – иза, гарехь, ТIеман ницкъийн а, Оьрсийчоьнан политикан урхаллин а позици ю. Патриотизман риторика а, Къилбаседа Кавказера конфликт кхоччуш йирзина яьлла бахар а даржийна дийцахь а, Оьрсийчоьнан Iедал ца тешачух тера ду регионерчу къаьмнех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG