ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь терроран кхерам лахбелла аьлла Росгвардин буьйранчас


ТIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь терроран кхерам хаъал лахбелла, регионехь кегий гIеранаш бен ца йисина. Иштта ду Федералан халкъан гвардин эскарийн урхаллин куьйгалхочо Золотов Виктора дина дIахьедар.

"ФСБ-н а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, Росгвардин а оперативан балхо шен хенна дIаюкъу уьш", – аьлла Золотовс гIеранех дерг довзуьйтуш ша ТАСС агенталле еллачу интервьюхь.

2018-чу шарахь дуьйна Росгварди дуьхьаллаьтта Шемарчу терроран кхерамна, цигахь пайдаоьцу IаIийначу зеделлачух, боху цо.

Къилбаседа Кавказерчу цхьаьнатоьхначу эскарийн декъан коьртехь ю Росгварди 2017-чу шарахь дуьйна.

  • Зазадоккху-баттахь ФСБ-н директора Бортников Александра дIахьедира, Къилбаседа Кавказехь "бандгIеранаш доккхачу декъанна хIаллакйина", аьлла.
  • Дечкен-баттахь байъира Бютукаев Асланан тобанера декъашхой. 2013-чу шарахь Iедало низамехь лоруш йоцчу "Кавказ Имарантан" буьйранча Умаров Докка вийча, нохчийн тIемалошна коьрте хIоьттина вара Бютукаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG