ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дагестан ю-яц аьлла дага а ца деара тхуна". Дов даларца хIунда дирзина нохчий говрашкахь зиярте бахар?  


Бенойн БойсгӀаран каш (Википеди)

Нохчийн дошлой, карахь республикан байракхаш а йолуш, дагахь хиллера Оханан-беттан 3-хь Дагестанан территори тIехь долчу вевзаш волчу Кавказан тIом бодуьчу хенарчу нохийн наибан Бенойн БойсгӀаран коша тIехIитта. Дагестанан кIоштан полисхой юкъагIортаро девне дирзира нохчий говрашкахь зиярте бахар.

Хаам: Бенойн БойсгӀар Кавказан тIеман ХIХ бIешаран 30-60 шерашкахь жигара декъашхо а, Шемилан имаматехь наиб а хилла ву. Иза дуьхьаллаьттина Оьрсийчоьнан империна, 1861-чу шарахь ша дIалаццалц. Оццу шарахь Зазадоккху-беттан 20-хь иза ирхъоьллина Хасавюртахь. ДIавоьллина ву Дагестанехь Ярык-су (Аух) эвлан кешнашкахь. Бенойн БойсгӀаран сий деш цуьнан цIе лелош ю Нохчийчоьнан коьртачу гIалин еа кIоштанах цхьаъ.

Нохчийн дошлошна некъ къовлуш дуьхьалбевллачу Дагестанан Новолакерчу кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъан полисхой аьтто ца белира уьш совсо. Амма цхьана ханна уьш дIалацаро бахьана даьккхира Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсашна луларчу шина халкъан юкъаметтигаш дика ца хиларх лаьцна дийца.

Хьехориг дара, Оьрсийчоьнан Iедало шен омрица тIедожийна ма хиллара, шина республикан доза къастош иккхина дов.

Иза кхеташ болу тхан лаам бара, хьакъ доллу ларам гайтар Кавказан тIеман турпалхочуьнга тхайн болу

Оцу говрашца дIаяьхьначу мероприятехь дакъалаьцначерах цхьаъ волчу Муслим цIе йолчу стага дийцира Кавказ.Реалиига шаьш динчунна бухахь цхьа а политикан Iалашо яцара аьлла. "Цига даха сацам хиллера цIеххьана шайн юьртарчу вахархочо WhatsApp-ру тобанехь ша говрахь Бенойн БойсгӀаран коша тIе хIотта ваха дагахь ву аьлла яздича. Ах сахьт далале цуьнах дIакхета луу нах гулбелира иттаннашкахь", - дуьйцу цо.

"Иза кхеташ болу тхан лаам бара хьакъ доллу ларам гайтар Кавказан тIеман турпалхочуьнга тхан болу. Тхайн некъ лаццалц тхуна дага а ца деара хIара Дагестан ю-яц бохург. Тхо Туркойчу я Гуьржийчу доьлхуш ма дацара, луларчу эвла доьлхуш ма дара!", - эргIадъоьху Муслим.

Цо дийцарехь, шайхаш дIабоьхкинчу зиярташка говрашкахь нохчаша цу кеппара некъ бинера хьалха а. Говрашкахь тайп-тайпанчу маршруташкахула дIасалелар могIарера хIума хуьлуш ду, цуьнах цецвуьйлуш цхьа а вац, боху Муслима.

"Машенашкахь мегаш ду, ткъа говрашкахь мегаш дац?"

Дагестанан Iедалшна официалан доцу хетарг довзийтира оцу хьокъехь "Коммерсант"газето, оцу республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьастана тIе а тевжаш: "Говрашкахь некъ бар барт бина дина дацара кIоштан администрацица а, Новолакан кIоштан полицин декъаца а. Низамаш лардон органийн белхахоша иза дIахаийтира цуьнан декъашхошна, цул тIаьхьа уьш дIасабевлира. Девне меттигаш а, къаьмнашна юкъахь дов даккхар марсадоккхуш а лозунгаш хилар ца хааделира".

Дагестане баханчу дошлошца хIоьттинчу хьолах лаьцна вистхилира Нохчийчоьнан къаьмнийн гIуллакхашкахула а, хаамийн а, зорбан а министр Дудаев Ахьмад. Цо харцдира Дагестанца цхьа дов ду бохург. Ша цакхета говрашкахь некъ бар дозанца доьзначу хаттаршца хIунда дузуш ду, бохуш вара иза.

Уьш ца баьхкинера латта я Дагестанера цхьа кIошт дIаяккха

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада а пост йитира шен инстаграмерчу агIона тIехь. Цо бехк биллира дагестанхошна, ша цецваьлла хилар хаийтира и дошлой совцо царна дуьхьалбевллачу наха лелийначух. Даудовс дагадаийтира хIора шарахь эзарнаш дагестанхой Нохчийчуьрчу Шуьйтахь дIавоьллинчу суьйличун имам Шемилан наибан Магоман кошана тIе оьхуш хилар.

Историн Iилманан докторо Мусхаджиев СаьIида кхетадо дошлой полисхоша совцор "лулахой цабезаран бух болу шалхонаш лелор санна".

Дагестанерчу политолого Курбанов Руслана "Дождь" телеканалана ша еллачу интервьюхь билгалдаьккхира, Новолакан кIоштан территорица доьзна хаттар дерзонза хилар а, Дагестанехь говрашца некъ бар нийса цакхетарца тIеэцна хила мегаш хилар а.

"Нохчийчуьра хьеший бахкар цхьа а кхераме хIума дацара. Уьш ца баьхкинера латта я Дагестанера цхьа кIошт дIаяккха. Амма Дагестанехь, дера, [территорица доьзна] хаттар къастийна цахилар хьокъехь дов хиларна иза тIеоьцуш ду рекогносцировка яр, тIамца таллам бар, иштта дIа кхин а санна. И тайпаниг ца хилийта тоьаш дара Новолакан РОВД-ру муьлхха а вевзаш волчу белхахочуьнга телефон тохар, иза вежарийн визит ю аьлла, тIаккха цхьа а цакхетам хир бацара", - бохуш вара Курбанов.

Ткъа сан транспорт сан говр ялахь, сан йиш яц-кх Нохчийчуьра Дагестане ваха?  

Кавказан тIеман турпалхочун коша тIехIиттарна оцу кепара реакци хиларан хIун бахьана ду бохучу Кавказ.Реаллин хаттарна "Iазап латторна дуьхьал комитетан" юристо Янгулбаев Абубакара иштта жоп делира: "Говрашкахь Бенойн БойсгӀаран коша тIе эхар хьакхалуш ду Новолакан кIоштах а, цундела Дагестанан агIоно, юкъараллин гIуллакхна юкъа ца гIерташ бехачу нехан тIегIантIехь, даиман а лазаме тIеоьцур ю Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъахь долчу дозанах лаьцна тема ойъуш йолу муьлхха а акци".

Янгульбаевна хетарехь, оцу тайпа акцеша зуьйш ду националистийн ойланаш яьржина хилар – дуьхьал хир бу оцу идейна нах я гIортор йийр цара цунна бохург. "ТIехула тIе Кавказан къаьмнашна юкъахь лаьтта къийсаме хаттарш даима а хилла Оьрсийчоьнна Кавказана тIекхача неI йолсутчу коьртачу догIанех", - боху "Iазап латторна дуьхьал комитетан" юристо.

"Дагестанан полицин логикица машенашкахь цигашкахула лела мегаш ду, ткъа говрашкахь – дац. Ткъа нагахь сан транспорт сан говр ялахь, сан йиш яц-кх Нохчийчуьра Дагестане ваха?", - хоьтту бакъонашларъярхочо.

Вевзаш волчу нохчийн юкъараллин жигархочунна Караев Русланна хета, хьехаш долу говрашца некъ бар а, цул тIаьхьа иккхина дов а политикица доьзна дац аьлла.

"Оьрсийчоьнан Конституцино магош ду шен бахархошна маьршша дIасабахар. Амма бахархоша а ларъян еза билгалйина кодекс. ХьошалгIа боьлхуш а хоуьйтуш Iедал ду. Ткъа кхузахь дийнна берейн тобано, тIехула тIе байракхаш а айина, "зиярт дина Байсангуран коша тIе", - билгалдоккху цо.

Караевна хетарехь, хаттар доьзна ду вовшашна юкъахь хила дезачу гӀиллакхца. "Меттиг а, Iалашо а эвлаяаллан хиларо бакъ ца до уьш лоручара лелориг", - боху цо.

Нохчийчоьнан а, Дагестананг а куьйгалхойн администрацийн официалан векалшкара хIоьттинчу хьолах лаьцна комментари эца аьтто ца белира Кавказ.Реалиин редакцин.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG