ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дозанехь билгало хIоттор: муха сацам хир бу Дагестанан а, Нохчийчоьнан а


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Шина республикана юкъара дозанаш къастор кху баттахь дуьйна юха карладаккхар хьехна Дагестанан куьйгалхочунна Васильев Владимирна Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Стохка а гIоьртира изза процесс йоло, яздо Кавказ.Реалиис. ХIетахь доза къастош хIиттийна билгалонаш бахьана долуш, цхьа мIаьрго ца яьллехь конфликте доьрзуш дара гIуллакх. Формалехь аьлча, кехаташ тIехь доза билгалдаьккхина дуккха а хан елахь а, амма хууш дац хIинца а, оцу историн чакхе муха хир ю.

ШариIат а, топографи а

Даудовс аьлла, шина республикана юкъара доза билгалонца а, графикаца а тоххара къастийна ду, хийца йиш а йоцуш аьлла. Кхузахь юьйцург ю, къаьмнаш депортацера цIа дирзинчул тIаьхьа, Нохч-ГIалгIайн Автономи юхаметтахIоттийна зама.

1965-чу шаре кхачале Кизлярера къовсаме девлла дакъош дийцина дирзина дара. 1983-гIа шо карадогIучу хенахь йист яьккхира Дагестанерчу Гумбетан кIоштана а, Нохчийчуьрчу Нажин-Юьртарчу Беной эвлана юкъарчу а дакъойн а. Кхин дIа къийса хIума дац ала тарлора, амма, делахь а…

Дозанех хаттар юха а айдира, Нохчийчоьнан а, Дагестанерчу Гумбетан кIоштарчу дозанаш тIехь а йоьгIна билгало ю аьлла, "Дербент" агенталло шен агIонехь Мангал-баттахь зорбане даьккхича.

КIоштан администрацехь оцу сохьта бакъ ца бира хаам. Цара дIахьедира, "къастийначу дозанан дохаллехь топографин белхаш бан йоьгIна билгалонаш ю юьйцурш" аьлла.

ТIаьхьо къаьстира, шина рспубликан векалш вовшахкхетта хиларх, дозанаш билгалдохуш бан безачу белхах лаьцна дийца, Гумбетан кIоштахь билгало йогIале хьалха.

Цхьана агIоно бинчу белхан жамI хиллера цу меттигехь йоьгIна билгало, цо хьалхо хиллачу дийцаршна еш новкъарло а ца хиллера. Делахь а, социалан машанашкахь жигара дийцарш лах ца лора. Исламан бакъонан гурашкахь дерзо деза дозанех лаьтта хаттар бохуш, хьоьхура цхьаболчу комментаторша. Цу кепара хьехамаш зорбане баьхнера Дагестанехь арадолучу "Новое дело" газетехь а.

"Дозанехь лаьтта конфликт шина кепехь ерзон тарло. Историн а, шариIатан а бакъонийн барамашкахь а, Iедална хетачун а, документийн а буха тIехь а. Шина бусулбачу махкана юкъахь и къовсам нисбаларе терра, хууш ду, лулахоша хьалхарниг хоржург хилар. ХIунда аьлча, Нохчийчохь дукхахдолу Iедалан низамаш шариIатца хийцина хиларна".

Царна жоп луш Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада Соьлж-ГIала кхайкхира журналисташ: "Аш дуккха а харц информаци елла, шайна буха язбелла, шаьш яздинарг доьшу нах а цхьана карзах а бохуш" аьлла, дIа а хьедеш.

Кавказан "лазамае меттигаш"

Къилбаседа Кавказан къаьмнийн уггар а лазамечу меттигна тIеIаткъамбан Кремлан лаам хиларна, дозанашна демаркаци яр уггар а экаме тема юьссу аьлла, хьажам бу "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" президентан, политологан Кутаев Русланан.

Цо бахарехь, дозанийн координатийн сурт хIотто оьшуш хиларх дуьххьара дийца долийра Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира. Цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан президентан администрацино тIедиллира ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а дозанаш билгалдохуш процесс йолаяр.

Иштта Кутаевс билгалдаьккхира, Дагестанерчу Гумбетан кIоштара а, Нохчийчуьрчу Нажин-Юьртара а доза 1959-чу а, 1983-чу а шерашкахь Нохч-ГIалгIайчоьнан а, Дагестанан АССР-н а Iедалхойн сацамца къастийна хилар. И бохург ду, доза билгалдаьккхина ду, оьшург – оцу меттигехь къасто дезар, муьлхачу агIор лара деза.

Оьрсийчоьнан Iилманийн академин лаккхара белхахо Рощин Михаил тешна ву, Дагестанаца лаьтта хьал а гIалгIайн сценарица санна, Нохчийчоьнца дозанан барт хиллачул тIаьхьа адамаш бIеннашкахь ураме протесте довлуш санна, чекхдериг хиларх. Митингехь лаьттинчу жигархошна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш а доьллуш, дирзира цигара гIуллакх.

"Кремлехь авторитет а йолуш, тешаме хилла нах бу Дагестане хьовсийнарш. Шен цхьа Iалашо йолуш ву Васильев Владимир Дагестанехь. Цундела, Кремлера шена кхачо йоллуш гIо хир ду аьлла, Iойла дац Кадыровн".

Къамел динчо билгалдоккху, дозанийн демаркаци ярна кеп-кепарчу проблемаша тIеIаткъам беш хилар: шира къовсамера схьа коронавирусан эпидемина тIе кхаччалц.

Нохчийн спикеро дозанаш къастош болх карлабаккха аьлла, бинчу кхайкхамна жоп луш Халкъан Гуламан куьйгалхочо Шихсаидов Хизрис жоп делла, шаьш хIинццалц тийна Iар коронавирусана тIехула а, Конституцехь бечу хийцамашна кхаьжнаш тийса кечамаш беш хиларца а дара аьлла.

Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан тIедилларца, субъекташна юкъара дозанаш къастош массо а белхаш берзийна хила безаш юу 2021-ра шо чекхдалале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG