ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нускал хьовзош некъан низам дохорна нахалбаьхна Хьалха-Мартанара бахархой


Car accident, car, policeman
Car accident, car, policeman

Хьалха-Мартанарчу веа вахархочо нахе шайна къинтIерабовлар дехна шаьш зуда ялийначу барамехь шайн транспортаца некъан низам дохорна. Нохчийчоьнан некъан инспекцин урхалло видео яржийна царна довдеш.

"Урхаллин куьйгалло ша динчу къамелехь бовзйитина, ирча таьхьало а йолуш, махкахь хилла некъахьовзамаш, теллина церан бахаьнаш а, зуламаш динчара юьхьалаьцна хилларг а, гайтина маьттаза лелачех долу масал", – яздина шен инстаграмехь республикан некъан инспекцин урхаллин куьйгалхочо Черхигов Идриса.

Хьалхо социалан машанашкахь видео яьржира, некъ къовсуш тракторо "Мерседес" машен дIасатоьттуш. Хиламан декъашхой а схьакарийна, таллам дIабаьхьина, билгалдоккху буьйранчас.

"Хьо дохковаьллий айхьа динчух?" – хоьтту видео чохь полисхочо тIебалийначу кегийнахах цхьаьнга. Вукхо ваьлла ша дохко, боху. РогIерчо а боху нах шена къинтIера. Вий а лаьтта кортош охьа а охкийна.

  • Адамаш видогайтамашкахула, телевиденехула нахалбахар даьржина лела Нохчийчохь. 2021-гIа шо доладелчхьана схьа беккъа цхьа "хIума хуу нах" гайтина лаххара а пхоьазза.
  • Чиллан-баттахь Гуьмсан кIоштан полицино кхаа жимчу стагаца кхетош-кхоран болх беш гайтира, уьш бехкебора "евроичкерихоша" ен критика къобалъярна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG