ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Кхеташо: Уггаре лахара ю тутмакхашна ен харжаш Оьрсийчохь


Европехь Оьрсийчоь лидер ю набахтешкахь бохку нах дукха хиларца, боху Европан Кхеташонна талламаш дIабаьхьначу Лозаннерчу университето. Пачхьалкхехь хIора 100 эзар вахархочух набахтех воллу 356 (берраш - 519 618 стаг). Европехь массанхьачул лахара ю Оьрсийчоьно шен тутмакхашна еш йолу харж – 2,8 евро дийнахь. Ткъа оцу хьелашкахь уггаре лакхара ю набахтийн бюджет – 4,1 миллиард евро.

Тутмаккхийн баларш Европехь 2019-чу шарахь 10 эзарна юкъахь 47,7 дара юккъерчу барамехь. Оьрсийчохь и терахь оццу шарахь дара 46,6 (верриг а велларг 2420 тутмакх). Амма и терахь Европан пачхьалкхийн эха декъехь 27,2 бен дац (медианан терахь олу цунах), цуьнца дуьстича Оьрсийчохь медианан терахь шозза гергга лакхара ду.

  • Лозаннерчу университето легарш официалан терахьаш тIехь деш ду, Оьрсийчоьнах дерг аьлча – Федералан набахтешкахь таIзар кхочушдаран урхаллера ду уьш. ХIинца довзийтина хьал Iорадоккхуш пайдаэцна Европерчу 48 набахтийн урхаллаша деллачу терахьех. Европан Кхеташонерчу 47 пачхьалкхехь 52 ю набахтийн урхалла: Испанехь – 2 (Каталонин шен урхалла ю), Ткъа Британехь а, Боснехь а, Герцоговинехь а – кхоккха. Лозаннерчу университетан хаттамна жоп дала реза ца хилла Украина а, Босни а, Герцоговина а, Беларусь а, Косово а – и пачхьалкхаш яц Европан Кхеташонна юкъахь.
  • Университето ца лахьийна тутмакхех долу терахьаш къовсамехь йолчу территорешкара – ГIирмера, Приднестровьера, Абхазера, Къилба ХIирийчуьра, Ломан Карабахера, уьш йоцуш – Фареран гIайрешкара, Британин Джерси, Гернси, Мэн гIайрешкара а, Гибралтарера а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG