ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амурехь "Ахмат" клубан куьйгалхо лаьцна рэкетца доьзна. Героин карийна цуьнан цIийца


Амур-махкахь нахера ахчанаш дахарх йолчу шеконца лаьцна меттигерчу нохчийн диаспоран лидер, меттигерчу "Ахмат" спортклубан куьйгалхо Магомадов Адам, хаам баржийна "Комсомольская правда" газето шен цигарчу хьасташна тIе а тевжаш.

Цуьнца цхьаьна лецна цуьнан белхан накъостий Алдамов Ширвани а, Гаджимагомедов Курбан а, Камилов Мохьмад а. Уьш, газето бахарехь, гIагIадиллинчу техникан эскарера контрактхой бу.

Хьасташа дийцарехь, рэкет лелош хилла лецначара. Меттигерчу цхьана бизнесхочунна "тхов" латтор бу шаьш аьлла цара бархI миллион сом цо шайна делча, ткъа важа реза ца хилла. ТIаккха цара иза лаьцна хьуьнха вигина, цигахь урс а, герз а тIехIоттийна, кхерамаш тийсина.

Лоцучу муьрехь травмат-герз даьккхина цаьргара. Ткъа Магомадовн цIийца героин а гучуяьлла, чIагIдо газето.

Амурерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллан а, Талламан комитетан урхаллан а сайташ тIехь оцу хьокъехь информаци яцара хаам араболучу сахьташкахь.

  • Хьалхо Кавказ.Реалиино хаам бира Южно-Сахалинскехь латархойн "Ахмат" клуб талла полици яхарх лаьцна. Талламан комитето цуьнца доьзна зен долийра хилларг, бераш лаьтта а дийшина дIадаьхьна зераш, бохура.
  • Латархойн клубана "Ахмат" цIе тиллина Нохчийчоьнах куьйгалла деш хиллачу Кадыров Ахьмадан хьомара. Клуб кхоьллинарг а, дIалелош верг а ву Кадыров Рамзан. Клубна тIехьожуш ву дукха хан йоццуш санкцеш тоьхна волу Нохчийчоьнан вице-премьер Висмурадов Абузайд.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG