Венехь кхело 14 шо тоьхна набахтехь даккха А. Ахьмадна, иза Умаров Мамихан киллерх Сар-Iелех 1алашвархьама герз тоха г1ортарна.
37 шо долу Ахьмад А. салардархо хилла Кадыровн режимна критика ечу, вийначу "Анзор из Вены" аьлла вевзачу Умаровн. Цунна бехкедина "Умаров вийначул т1аьхьа киллер хила тарлуш волу стаг вен дагахь хилла хилар".
Ахьмада аьлла кхелехь, ша стаг вийнарг лаца воллура, иза зулам а дина водуш волчу машенан чкъургах герз тоха гIиртира ша. Сацамна аппеляци ян дагахь бу адвокаташ.
- 2020-чу шеран аьхка вийра Австрехь веха блогер Умаров Мамихан ("Венера Анзор"). Иза верах йолчу шеконца лаьцна нохчий Ахтаев Сар-Iела а, Магомадов Салман а.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана арахьарчу мехкийн къайлах сервисаш бехкейина Умаров а, кхиболу политикан эмигранташ а байъарна.