ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан спикеран Даудовн гергарниг а, цуьнан юьртахо а летта Кадыровн критиках Венехь


Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цунан гонна а критика еш хуьлучу нохчийн блогерах Асламханов Мурадах (социалан машанашкахь Мурад Wien олу цунах) летта Венехь.

Кавказ.Реалиин хьасташа дийцарехь, Охан-беттан 6-чохь хилла инцидент. Бакъонашларъечу Vayfond цхьаьнакхетараллин информацица, шиъ хилла тIелеттарг: царех цхьаъ Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмада уллера гергара ву (цIе билгалъялаза ю), шолгIаниг – цуьнан юьртахо, Австрера боксан чемпион Чакаев Iаьрби.

Венехь веллачу нохчочун тезета вахана хилла Асламханов. Цигахь лаьттачу цхьамма аьлла цуьнга, арахь цхьа нах бу иза хоьттуш.

ТIевахначу блогерца дов даккхина баьхкинчара, летта. Vayfond-о дийцарехь, Асламхановн аьтто баьлла оцу нехан карара вала, ткъа вуьйш бевдда, тезетара нах шайна гергабахка боьлча. Леташ хилла зен дац блогерна.

Автрерчу низамхошкара комментари яц цкъачунна Кавказ.Реалиигахь.

  • Асламханов Мурад вевза цо ша Австрерчу набахтехь а волуш, 2019-чу шеран ГIуран-баттахь, Кадыровга видеохула дIахьедар дарца. Шогга критика йира цо Кадыровна а, цуьнан гонна а махкахь харцонаш лелорна.
  • Хьалхо хаам баьржира Австрерчу полицино 2020-чу шеран Гезгмашин-беттан 16-чохь Асламхановна цIийнах хьаьжна, иза а, цуьнан ваша а герзаш лелорна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн а, цуьнан гонарчу нехан а Австрерчу бахархошна кхерамаш тийсарна, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG