ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Франци депорт ян гIерта нохчийн жигархочунна. Хьалха кхело дихкинера иза дан


Францин Iедал Оьрсийчу депортаци ян кечлуш ду 37 шо долчу Нохчийчуьрчу мухIажарна, юкъаралхочунна Гадаев Мохьмадна. Хьалхо кхел цуьнан адвоката тешийнера цунна тIехь цIахь Iазап хIотториг хиларх.

Лаьцна, депортацин набахте хьажийна Гадаев Охан-беттан 8-чохь, иза полице куьг яздан вахча, хаам бина цуьнан зудчо Кавказ.Реалиига. Зазадоккху-баттахь хиллачу кхело, хIора дийнахь полице а воьдуш, куьг яздан декхаре вина хилла иза, ша депорт юхаяьккхина хиларе терра.

"Со комиссариатна хаьлха лаьттира, карахь жима бер а долуш, соьга цIийнда цига чохь ву, олура. Хан яьлча, хьаькамо ара а ваьлла, элира, иза тхо долчохь вац, кхечу гIалара бахкийтинчу полисхоша дIавигина. Адвоката префектуре арз яздина, язлучу массо метте а яздина", -дийцира Гадаев зудчо.

ЦIийнненаца ша зIене ваьлла Гадаев, цо хаийтина ша аэропортана уллехь лаьттачу депортацин набахтехь вуйла – цигахь цуьнга хьалха а баккхийтина масех бутт, Зазадоккху-беттан 25-гIа де тIекхаччалц. Полисхоша шега ша Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министран сацамца дIахьажош ву Оьрсийчу аьлла, депорт йийр ю боху шена пIераскана, Охан-беттан 9-чохь, хаийтина цо.

Зудчо дийцарехь, Гадаев уггаре кхийринарг ду хилларг: мухIажар депортацин набахтера дIа а хоьций, цIеххьана лоцуш, дIахьажош практика яьржина Францехь.

"Кхело бина сацам боллушехь, иза Оьрсийчоьнан каравала магош доццушехь, лаьцна, 20 де даьлча тховкIело яларх долу гIуллакх дара цуьнан кхелехь листа дезаш", - билгалдаьккхира Гадаевас.

  • Гадаев Мохьмад "Барт Маршо" боламан урхаллин а, "Европерчу нохчийн ассоциацин" а декъашхо ву. Францойн хьехархо Пати Самюэль вийча полицино алссам тергоне эцначу нохчийн деаспорех хилар дара 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь иза лацар.
  • Цул тIаьхьа Гадаев депортацин лагере хьажийра. Цунна коронавирус кхетарца доьзна сацийра цуьнан депортацех йолу процесс. ТIаьхьо хиллачу кхело юхаяьккхира депортаци: адвокат Тулуз Арнос тоьшаллаш далийра Гадаев Оьрсийчохь набахтехь хьийзийна хиларх а, кхечу наханна тIехь доцург кхолла декхаревеш таIзарна бухахь валлийна хиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG