ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Юхабоьдуш боцу некъ". Иттаннаш нохчий арабохуш бу Австрера


Нохчашна гIортор еш митинг хIоьттина Венехь

Австрехь депортацин набахташкахь депортацин ян кебина латтош бу иттанаш нохчий. МухIажираша чIагIдо, ницкъаллин структурийн белхахоша даймахкахь, тIехь ницкъ а бина, дайъа мегаш бу шаьш, бохуш. Цара латкъамаш бо кхелашкахула, кредиташ а оьцуш, адвокаташ лоьцу, амма Австрин федералан конституцин кхел шечунна тIаьхь лаьтта.

Депортацина кIеллахь берш коьртачу декъана кегийрхой а бу, 40-60 шераш долу масех стаг а ву. Царах дукхаха берш Австре кхаьчна бераш долуш. Деца-ненаца цхьаьна мухIажарийн статус елла царна, цигахь кхиъна а бу уьш. Цхьацца хенахь кIезиг-мезиг низамаш дохийна аьлла лецна хилла, амма тоьхна хан чекхъяьлча дIацахецна Австрера арабохурш. Цу нахе хаам бина юха уьш лецна хиларх а, мухIажаран статус дIаяьккхина хиларх а.

Гергарчара дийцарехь, уьш дуьхьал хиллашехь Оьрсийчоьнан паспорташ кечдина царна. Карарчу хенахь махкара арабохучеран кхин некъ ца бисна Австрехь баха, ткъа Оьрсийчу дIабахийтарца доьзна хаттар доьзна ду иза маца хир ду бохучуьнца. Оцу нахана депортаци ян дагахь хиллера Австрин Iедал кху беттан 4-чу дийнахь. Делахь а Москва йоьду чартеран кеманан рейс юхаяьккхира, официалан версица, депортацин лагерехь латточу нахана юкъахь коронавирус яржар бахьана долуш.

И нах махкара арацабахийта гIерта нохчийн диаспорера нах, Вена гIалин урамашка арабуьйлуш. Меттигерчу жигархоша кхелан сацамаш низамца богIуш бац, бохуш чIагIдо, царна дуьхьал цхьацца акцеш дIахьо цара. Цу тайпа дуьхьалонан акцеш хилира Австрин коьртачу гIалахь Чиллан-беттан 21-хь а, Зазадоккху-беттан 6-чу а деношкахь а, ткъа иштта хIара бутт болалуш 3-хь депортацин набахтин кевнехь а. Царна юкъахь дакъалоцуш бара бIеннаш нохчий а, царна тIехIиттина болу меттигера бахархой а.

Депортаци йина нах дIабуьгур болчу кеман рогIера рейс маца хир ю хоуьйтуш дац. Iедалша иза къайладаьхьна аьлла хета нохчийн жигархошна, дуьхьалонан акцехь дакъалоцучаьрга аэропорте боьду некъа ца бехкийта. Цхьаболчарна хета шаьш йина митингаша а, пикеташа а Iаткъам бина, цундела собардеш ду Австрин Iедалш и нах дIахьажорехь аьлла.

Стохка шо чекхдолуш, кхело нохчашна депортаци ярехула сацамаш бинчул тIаьхьа а хилира цхьамогIа акцеш мухIажираш арабахарна дуьхьал. Цул тIаьхьа сацийра уьш динна тобанашкахь арабахар.

"Суна тIаьххьара шанс оьшура"

Таханлерчу дийнахь нохчашна уггар кхерамениг ду депортаци яр, боху "Ичкерин культуран ассоциацин" векало Дунаева Розас.

"Дерриг а доладелира 2017-чу шарахь, аьтту агIорхьара популисташ Iедале баьхкича. Цара тIеийцира эмигранташна дуьхьал хьажийна низамаш, уьйраш дIатесира Оьрсийчуьрчу ницкъаллин стрктурийн балхахошца а, Iедалхошца а. ТIаьхьо и популисташ гучубехира, уьш дIабахара, амма цхьа кIеззиг гIалат даьлла лецна болчу нахана депортацеш ярх лаьцна низамаш дисира.

И бахьана долуш, кхел а ца еш, бекхам бар ловш бу мухIажираш. Стохка шо чекхдолуш Оьрсийчу депортаци йина волу Тамаев Хьасан лачкъийра ницкъаллин структурийн белхахоша, иза вайна Нохчийчохь. Маситта бутт а бу тхуна цунах хIун хилла ца хуу", - дуьйцу Дунаевас.

Карарчу хенахь Австрера арабаха кечбинчу нахана юкъахь ву 24 шо долу Венера вахархо. Цуьнан цIе ца йоккху ас цуьнан кхерамазалла ларъеш. Иза (Малхбузерчу) Европе валийна Нохчийчуьра 9 шо долуш. Карарчу хенахь иза а, цуьнан жимаха волу ваша а аравоккхуш ву махкара. Дукха хан йоццуш кехат дахьийтина цо Австрин Iедалшка, ша оцу махкахь витар доьхуш.

"Масийтта гIалат далийтина ас сайгара. Суна хаьа ас динарг нийса доций. Гуо вон хилар бахьана долуш харц некъа ваьлла лелла со. Набахтехь со волуш дукха ойланаш йина ас. Дохковаьлла айса гIалаташ довлийтарна, гайта лаьа суна, со дика лелалур волуш хилар. Бала хьогуш ю сан нана. Суна цабевза ала мегар ду Оьрсийчохь нах, ца хаьа суна оьрсийн мотт. Цамгар ю сан пехашца. Набахтехь латторо кхин а халчу яьккхина и цамгар. Суна оьшура тIаьххьара шанс", - аьлла ду кехата тIехь.

Кхин цхьа аравоккхург ву Нохчийчуьра схьаваьлла 40 шо долу стаг. Эпилепси олу цамгарца бала хьоьгуш ву иза. Цуьнан гергарчара дийцарехь, иза коьртаца цамгар йолуш а ву, дарба оьшуш а ву, ткъа цунна депортаци еш ю.

Стаг махкара аравоккхуш кхело бинчу сацамехь далош ду цхьатерра бахьанаш, депортаци ян лаьцна латтор бух болуш ду, нийса а ду низамашца аьлла. Цул сов, документа тIехь билгалдоккхуш ду сацам хийца дехарш дар мегар дац аьлла.

Чубоьхкинчеран гаргарчара дийцарехь, цаьрга хIоранга а кехата тIе куьг таIа дойта, шен лаамехь махках волуш ву ша олий. Цо жоьпалла тIерадоккху Австрина, кхин дIа цунах хIуъа хилахь бохучух.

Дунаевас дийцарехь, шанс ю Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело нийсонца йоцу депортаци яр сацо мега аьлла, амма иза дайта оьшу мехала тешаллаш.

"Тешаллаш, халахеташ делахь а, хир ду депортаци йинчул тIаьхьа, уьш лецна Нохчийчохь набахтина чубоьхкина хьийзийначул тIаьхьа. Нисло, Австрино кхалха таIзар дар санна нохчашна: цхьана хенахь ледарло яларна набахте хьажор, депортаци яр, ткъа кхоалгIа таIзар до царна Кадыровн администрацино", - боху Дунаевас.

Цо дийцарехь, цо петици хIоттийнера депортацина дуьхьал, амма цунна кIеллахь куьг таIийна нах дукха кIезиг бара. Оццу хенахь Дунаева тешна ю, Европерчу пачхьалкхийн Iедалшна хууш хиларх, Нохчийчу хьажийначу нахана кхерам буйла.

"Цигахь (Оьрсийчохь) лелаш яздина доцу лагеран низамаш ду, адаман кхоллам битина бу Оьрсийчуьрчу никъаллин структурийн белхахошка а, меттигарчу администрацин ялхошка а шайна луъург леладайта", - билгалдоккху цо.

Дунаевас дагадоуьйту Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш кIоршаме йохош хиларх лаьцна 2018-чу шарахь ОБСЕ-н даима болх бечу кхеташонехь доклад йина хилар. Нохчийчохь кхел ца еш дуккха адамаш дайарна Оьрсийчоьнна духьал йолийна Москван механизм олучу талламан жамI дара иза.

Жоьпаш доцу хаттарш

2018 шарахь Австрино тIе куьг ца таIира Цхьаьнакхеттачу Къьмнийн Вовшахтохаралло кечйинчу миграцех лаьцначу пактана, оцу документа тIехь эбина бу мухIажаралла а, белхан миграци а боху кхетамаш аьлла. Цул сов, Австри саготта яра миграци ян йолу бакъо адамийн коьртачу бакъонашна юкъатоха мегаш хиларна. И бахьана долуш, таханлерчу денна мухIажиран кхоллам Австрехь бозуш бу чоьхьарчу низамех, дуьненаюкъарчу низамех боьзна боцуш.

"МухIажираш цIа хьовсош Австрино ца дохадо шен чоьхьара низамаш, - кхетадо хьал юкъараллин жигархочо Ипаев Хьамзата. – Амма дуьненаюкъара низамаш кIоршаме дохош ду, ткъа депортаци ян кечбинчу кегийрхошна ца девза Оьрсийчуьра хьал. Уьш боьлла низамийн пачхьалкхехь баха, болх бечу Австрин низамашца баха. Оьрсийчохь царна гурберг гIурт бу, ткъа Нохчийчохь цаьрга хьожуш ду муьлхха а лар ца луш дош алахь дийр долу таIзар".

Ипаевс дагадоуьйту Нохчийчохь коллективан жоьпаллан кеп лелош хилар, "ден а, ненан а гергарнаш а гулбой, цаьрга къинтIера довлар дехийтар, массарна а юкъара таIзар деш".

Цо дийцарехь, Австрин юкъаралла кхеташ ю Оьрсийчоь урхалла дарехь тоталитаран кеп йолу пачхьалкха хиларх, ткъа цундела Австрера кхечу диаспорийн векалш а бу нохчашна тIехIиттина.

"Жуьгтийн диаспорерчу тхан доттагIаша карарчу хенахь вайн махкахошна депортаци яр дусту Холокостца а, 1944-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а махкахбахарца а. Уьш тхоьца цхьаьна дакъалоцуш бара депортацин набахтина хьалха хиллачу митингехь. Оха хаттарш дира Iедалан векалшка, махкахбохучу нахах жоьпалла шайна тIелоций аш аьлла. Амма депортаци йинчул тIаьхьа лачкъийна волчу Тамаев Хьасанан гергарнаш ур-аттал хаттарш дала а кхоьру цуьнан кхолламах лаьцна. Цундела дала жоп дац тхан оцу хаттаршна", - боху нохчийн диаспоран жигархочо.

Коьрта теманаш

XS
SM
MD
LG