ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь дика ца буьйцу нохчийн кегийрхой


Австри, Нохчий а, туркой а вовшахлатар дIадирзинчул тIаьхьа. Видеон скриншот. 2010.
Австри, Нохчий а, туркой а вовшахлатар дIадирзинчул тIаьхьа. Видеон скриншот. 2010.

Малхбузехь уггаре а ледарчех репутаци йолчу къаьмнашна юккъехь цIе йоккху нохчийн къоман. Къиза а, бахьана долуш-доцуш лата кийча а, зударшна гIело еш а, къоланаш деш а, рэкет лелош а лору вайн махкахой Европехь.

Дикан, вонан мах хадор даима а сийлахь хиллера нохчийн юкъараллехь. Осал лелаш волу стаг цIарца вовзийтар мехала хилла, цуьнан ледарчу леламийн эхь тIаьхьенашна а тIехь тIедужуш хиларна, кхечаьрга цуьнан осалчу амалех масала ца эцийта а, цуьнга юкъаралла шен дастамаллийца талха ца талхайайта а.

Иштта цIарца билгалбохуш, бIеннаш шерашкахь а иллешкахь а буьйцуш хилла дика къонахий, оьзда мехкарий, царах тIекхуьучу тIаьхьенашна масала хилийтархьама. Вуьшта мичара бевзара бара 21-чу бIешарахь бехачу нохчашна шайн дайшна йоза яздан а ца хууш хиллачу заманерчу Адин Сурхох а, Дадин Айбикех а, Эвтархойн Ахьмадах а, Iамаран Зазах а лаьцна?

ХIинцачул ткъех шо хьалха а цу къонахийн, цу мехкарийн масалаша ира-кара а хIиттош дуьйцу ца хезна доьналла, оьздангалла, яхь гайтира нохчийн къомах болчу кIенташа а, мехкарша а, ур-атталла мостагIчо а церан гIиллакх-оьзденгаллина мукIарлонаш а деш.

Дуьненан хаамийн гIирсашкахь цецбийларечу артиклашкахь дуьйцура нохчийн бIаьхоша шаьш йийсаре лаьцначу мостагIчуьн салтешца лелош долу гIиллакхаш, цара шайн гIалин урамашкахь баъйина Iоьхкучу мостагIийн декъий оьрсийн инарлашка дIахьохьара аш уьш бохуш, дехарш а деш дIалуш хиларх, ткъа йийсаре бина салтий даадой-малдой-тIе-кога юхий, шайн наношка юхаберзош хиларх лаьцна.

Уьш тIеман аренгахь а хелхаран бал баккха гуьнахь хиларх, даьндаргийн догIанехь а шайн забарх а, шайн оьзденгаллех а ца бохарх. ХIетахь дуьйна 20 шо а ца даьлла, амма дуьненан хаамийн гIирсашкахь тахана араюьйлучу артиклийн коьрта чулацам – жоьлгаллаш я куталш лелочу, я хIусамнанойх летачу а, хIусамнаной бойъучу тамашийначу нохчех, я кху лаьттахь топ кхус-кхуссучу метте дIа а боьлхуш, цигахь нах байъа а, шаьш байъита а кийча болчу цIийх ца Iебачу тамашийначу нохчех лаьцна хуьлу коьртачу декъехь.

„Гугл“ лахамийн системехь „Австрера нохчи“ боху ши дош яздича, 70 эзар герга артикл схьахIутту. Хьалхарчу агIонна тIера масех цхьаэцча, иштта ю церан цIераш „Криминалитет: Австрехь нохчийн проблема ю?“, „АМС курсашка эха ца туьгу нохчий“, „Нохчийн дайна чкъор“, „Нохчийн кегийрхойн бандаш - царах полисхой а цхьаьна кхоьру“, „Нохчийн, овхIанхойн бандийн тIемаша вайна хIун Iамадо?“ - иштта дIа кхин а.

ТIаьхьарниг цу арктиклехь хьастагIа Венехь цхьа нохчо кхечу нохчочуьн петара а вахана, цуьнан хIусамнанна а, пхеа а берана а гуш цу стагана герз а диттина иза дIавахарх ю.

ХIораза а и тайпа хаамаш газеташкахь бешча я диаспорехь буьйцуш хезча инзарбовлу меттигера вайнах. ХIораммо хоьтту, хIара дан хIун, вайна хIун хилла, хIара муха сацон деза, олий.

ХIора а ву харцонна дуьхьал, хIора а ву ницкъ бар, жоьлгаллаш я кхин долу къепедацарш лелор емалдеш. Амма и хьал хийца дарба цхьанна а ца девза.

Венин вахархочуьнца Астамиров Мохьмадца хилира сан цу хьокъехь къамел, иза юкъараллин гIуллакхашкахь жигара дакъалоцуш а хиларна, Австрерчу нохчийн хьал цунна дика девзаш а хиларна. ТIамо адамана тIехь бинчу тIеIаткъамца ца кхетадахь, кхин цхьа а бахьана ца карадо шена бохуш, дийцира Мохьмада, карарчу хенахь нохчийн къоман амалш оццула хийцаелла хиларан. Масалш а далийра цо.

Астамиров Мохьмад: „ВаллахIи со суо а ма вац цу хIуманах кхеташ. Масех тобанна юккъера араваьлла со кху тIаьхьарчу хенахь ватсаперчу, сайн накъосташца цунах кхета гIерташ хеттарг дина, уьш суна резабоцуш а болуш, ахь иза стенна дуьйцу я шайга стенна хоьтту ахь иза цара сайга а баьхна.

Ас ойла ийча, юха а, тIаккха а цу тIеман бехк бо-кх ас и хьал вайгахь хиларна, хIунда аьлча, суна сайн къоман бехк бан ца лаьа, со суо а ву цу къоман дакъа а, со суо а ву и къам. ТIом болуш оцу гуманитаран гIоьне вайн нах марзбелча дуьйна схаьа телхаш схьадогIуш ду аьлла хета суна хIара.

Кхузахь, масала, юкъараллехь вайн къоман мехалчу хиламашка дуьйлахьара шу аьлла дехар дича, цига ца богIу вайн нах, амма цхьанха цхьа сом доькъуш ду аьлла хазахь, цига дIахьовду. Хала-м хета и хIума вай иштта лелош. Суна-м ца хаьа иза хIун ду“.

Европехь бехачу цхьаболчу вайн нахана хаамийн гIирсаш а, бухара меттигера бахархой а, царна тIебаьхкинарш ца безар а, ур-атталла церан дендай цхьана заманчохь фашисташ хилла хилар а бехке хета шайн репутаци Малхбузехь, къаьстина Австрехь сел маьттаза хиларна.

Булваран газеташкахь нохчийн къомахчу наха къепедацарш лелорех лаьцна артикл язйича, и артикал сурт а доккхий, ватсапехула а, социалан машанашкахула а дIасахоьхку, мел ца деза кхарна вай, бохуш, комментареш а еш.

Дицдо ишттачу наха, нохчийн къомахчу талорхоша цу артиклийн авторшна, олуш ма-хиллара, докъар мел латтадо, цу артиклашна фактура а хуьлуьйтуш, цара уьш язйийр хилар а, и артикалш ша-башха куьзга санна хIума хилар а. Ткъа классико ма-аллара, куьзганна оьгIазваха ца оьшийла, нагахь санна хьайна цу чохь гуш дерг ирча сурт делахь“.

Бакъдолш, цхьана а къоман векалш бац Европехь нохчий санна вон буьйцуш, цхьа овхIанхой дIабаьхча. Даханчу шарахь Шемара а, кхечу меттигашкара а бIеннаш эзарнаш мухIажираш Австре а, Германе а схьаэха буьйлабелча, цхьаццаболчу вайнаха къаьхьа забар йора, хIуммаъ дац, кеста вай дуьйцучура совцур бу хIорш, кеста шемахоша дIалоцур ю вайн меттиг хаамийн гIирсашкахь, олий. Амма и шайхаллаш цхьана декъана бен бакъ ца хилла – шемахойн метта маьттазлонаш лелош бу бохуш нехан багабаханарш овхIанхой хилира.

Ткъа уггаре а тамашийна дерг ду, юккъера схьа а эцна, оцу овхIанхойн а, нохчийн а вовшашца мостагIалла кхолладалар. Амма иза цхьана кхечу материалан тема ю.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG