ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчохь куьйгалхо хийцина. Битаров Вячеславах мукъадаьккхинчу дарже хIоттийна Меняйло Сергей


Битаров Вячеслав
Битаров Вячеслав

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Битаров Вячеслав мукъаваьккхина даржах. Цуьнан меттиг дIалоцур бу Сибрехарчу президентан векала Меняйло Сергейс.

"Хенал хьалха Къилбаседа ХIирийчоь-Аланин куьйгалхочун дарж мукъадаккхарх" долу омра президента арахецарх лаьцна хаам бу Кремлан сайта тIехь.

Республикан куьйгалле хIоттар дехна президента Путин Владимира Меняйлога, боху "Интерфаксо". Важа резахилла.

Битаров даржера дIавоккхуш хиларх лаьцна яздира масех интернет-ресурсо. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун администрацино иза фейк ю, элира.

"Со кхеташ яц иза стенгара даьлла. И тайпа эладитанаш кест-кеста даржадо, амма кху тIаьххьарчу баттахь жигара даржадоьлла иза", - бохура Iуьйранна мехкан куьйгалхочун пресс-векала Сабанова Фатимас.

  • 2016-чу шарахь дуьйна вара Битаров Вячеслав Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун даржехь.
  • Къилбаседа Кавказан мехкийн куьйгалхойх тIаьххьара даржах мукъаваьлларг ву Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир, цуьнан метте ханна хIоттийна 2020-чу шеран гурахь Меликов Сергей.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG