ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 24 дархо, цомгуш хилла 348 стаг


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 24 пациент, вирус гучуяьлла кхин а 348 стагаца.

Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 12 дархо, Ставрополан махкахь - пхиъ, Къилбаседа ХIирийчохь - кхоъ, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а цхьацца стаг велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь велла COVID-19 вирусах 8 776 стаг
Къаьсттина дукха ун даьлларш хаабелла тIаьххьарчу 24 сахьтехь Краснодаран кIоштахь.

Краснодаран кIошт + 107 (43 445 – ун даьржичхьана)
Ставрополан мохк̆ + 97 (51 347)
Дагестан + 44 (31 475)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 35 (23 187)
ГIалмакхойчоь + 8 (20 165)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 15 (16 495)
Адыгей + 13 (14 209)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 12 (19 815)
Нохчийчоь + 10 (11 775)
ГIалгIайчоь + 7 (15 213)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус къаьстина 247 126 стагаца.

Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь ву тахана, Охан-беттан 10-чохь, 4 632 688 дархо.

Оьрсийчоьнан официалан статистика юкъа эцна аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG